Наркотикаш йоцу дахар

IMG-20150526-WA0019

22-чу майхь Нохчийн Республикин С.Михалковн цIарахчу берийн библиотекехь «горга стол» хилира наркотикаша, корта бахочу маларша деш долу зен-зулам дийцаре деш. Библиотекин директоран заместитела Хожаева Дешис бовзийтира оцу цхьаьнакхетаран дакъалацархой. Нохчийн Республикин культурин министерствон говзанча, Iеламстаг Эхаев Ризван, оццу министерствон вовшахтохараллин отделан говзанча Закаев Гикало, Россин Федерацин наркотикаш тIехь терголатторан Федеральни службин Нохчийн Республикерчу Урхаллин хаамийн а, юкъараллица зIе латторан тобанан а куьйгалхо Эскерханов Заурбек, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон СПИДА-на профилактика яран а, цунна дуьхьал къийсам латторан а туьшан клинически психолог Муртазалиева Малика.

Соьлжа-ГIалин №№18, 20, 7 йолчу школашкара дешархой бара шайн хьехархошца цхьаьна говзанчаша бечу хьехамашка ладогIа баьхкина.

Наркотикаша адам харц новкъа даккхарх а, иза я шена а, я нахана а дош ца хеташ, хIаллакьхиларх а лаьцна дийцира лор-психолог а Муртазалиева Маликас. Элира-бахарехь доцуш, цунна дика хаьа тахана СПИД, ВИЧ-инфекци гучуяьлларш дукхахьолахь  наркотикашна тIера буьйлабелла нах хилар. Наркотикаш тIехь терголатторан урхаллин белхахочо Эскерханов Заурбека цхьа кIезиг экскурси йира дIадаханчу шерашкахь наркотикаш вайн республике шуьйра кхачаран истори йовзуьйтуш. Церан урхаллин  хьесапашца вайн республикехь дикка лахбелла наркотикаш лелош берш (луларчу республикехь долчу суьртаца дуьстича).

«Кхузаманахь «аптекин наркомани» бохург даьржина. Иза молхийн буьртигаш вовшахтухий, царех керла, синтетикин наркотикаш яр а, уьш лелор а ду. Къоначарна ца хаьа наркотик тухуш, молуш я узуш ца хиларх а, шаьш наркотикаш лелочу, юхкучу нахана г1одича  а шайх зуламхой хуьлий. Законца таIзар до наркотик дIасаяьхьначунна, иза схьаэцначунна», – элира З.Эскерхановс.

Наркотикаша могашаллина дечу зенах, дахарехь бечу иэшамах лаьцна дийцина бевлча, Эхаев Ризвана Сийлахьчу Къуръан сурата дешна дIаболийра шен чулацам кIорггер болу а хьехам.

 

– «Жималла стенна елла? Диканиг, оьзданиг Iамо елла. Дас-нанас бохучуьнга ладогIийта елла. Цул тIаьхьа селхана бераш хиллачех шайх а хуьлу дай-наной. Ламаз деш, марха кхобуш волу стаг цкъа а вер вац зуламечу, эхьечу новкъа?»,  – элира цо. Иштта хаза дош олуш вистхилира Закаев Гикало а, библиотекарь Дакаев Ваха а.

Бераша дукха лерина ладуьйгIира шайн бечу хьехаме. Соьлжа-ГIалин №18 йолчу школин хьехархочо Бисултанова Марияс баркалла элира иштта дика, пайдехь цхьаьнакхетар вовшахтохарна.

Аьхкенан каникулаш герга кхочуш къаьсттина оьшуш а ду, мехала а ду оцу тайпа цхьаьнакхетарш. Дукха хьолахь аьхка мелла а шайн лаамехь буьсу дукхах болу дешархой.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан сурт

шот, 30 май, 2015 шо, № 59

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: