Республикин денна лерина цхьаьнакхетар

Нохчийн Республикин денна – Бахархойн барт, цхьаалла хиларан денна а лерина кхеташо дIаяьхьира Д.Омаевн цIарахчу культурин даздарийн цIийнехь.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, вайн мехкан урхаллин белхахой, юкъараллин а, динан а гIуллакххой, культурин а, Iилманан а, бакъонашларъяран органийн векалш.

Кхеташо «Вайнах» ТРК-с кечйина видеокийсак гайтарца дIадолийра.

Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада доклад йира. Шен докладехь цо довзийтира: «18 шо хьалха, 2002-чу шарахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас арадаьккхина долу Указ, Нохчийчохь дехаш долу халкъаш цхьатерра бакъонаш йолуш а, вовшашка ларам болуш маьрша даха шена лууш хилар а, республикин кханенах ша доглозуш хилар а тIечIагIдеш дара. Вайна массарна дика хаьа, нохчийн халкъ доцург вайн республикехь дехаш кхечу къаьмнийн дуккха а векалш хилар. Цундела коьртаниг вай бертахь дахар ду. Цул сов, вайн регионехь дехачу къаьмнийн векалшна юкъахь цкъа а вовшийн сийсаздеш къовсам ца хилла».

Шен доклад чекхъяьлча, М.Даудовс дош делира Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна.

ХIокху видеокийсаке хьоьжуш ойла еш Iара со, баккъал а вай лайна-кх оцу тIеман къизалла, хьалхадевлла-кх вай цунах, бохуш. Ткъа цунах хьалхадовлар Ахьмад-Хьаьжа коьртехь хилар дара. Нохчийчуьра тIом дIабаккха ша юьхьарлаьцна некъ Ахьмад-Хьаьжас ма-барра дIабовзийтарна, нохчийн халкъ, цхьа а шеко йоцуш, цунна тIаьхьахIоьттира. Тахханалц цо билгалбаьккхинчу новкъахь схьадогIуш ду вай. Ахьмад-Хьаьжа шен хьежам хьалхабаьккхина лелаш стаг вацара. Цуьнан коьрта Iалашо нохчийн халкъан дахар ирсе хилийтар яра. Иза толаме кхачийнарг цуьнан массаьрга а болу къинхетам бара. Цо тIом ца кхайкхийний цхьанна а, хьалха машар кхайкхийна а бен, – элира Кадыров Рамзана.

Нохчийн Республикин денна – Бахархойн барт, цхьаалла хиларан денна лерина докладаш йийшира Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитела Джамалдаев Шаида, Нохчийн Республикерчу Хонкаран халкъан-культурин юкъараллин председатела Биналиев Iисабека, Нохчийчоьнан Iилманийн академин президента Гапуров ШахIрудис, республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас.

Кхеташонехь докладаш йиначара билгалдаьккхира Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кIорггера кхетам болуш, шен халкъан кханенан ойла еш хилар бахьана долуш, тахана вай Россин уггаре а маьршачу, сихакхуьучу, кхерамазчу регионехь дехаш хилар.

ВЕГИЕВА Макка
№70, товбецан (сентябрь) беттан 9 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: