Мехкадаьттан а, газан а промышленностан белхахойн де говраш хахкарца билгалдаьккхира

ХӀокху деношкахь, республикин пачхьенехь йолчу ипподромехь говраш хаьхкира. Мехкадаьттан а, газан а промышленностан белхахойн денна лерина дара иза.

Цигахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Правительствон декъашхоша а дакъалаьцна ца Ӏаш, «Чеченрегионгаз» а, «Чеченгаз» а, «Газпром газораспределение Грозный» а юкъараллийн белхахоша а, кхиболчу хьешаша а дакъалецира.

Говраш хахкаре хьовса баьхкинчарна, деккъа иза (говраш хахкар) гайтарал сов, синкъераман леррина программа а кечйинера нохчийн эстрадин артисташа а, хелхарийн коллективаша а.

Хьалха дӀадаьхьначу говраш хахкарехь дика хан «Шадид» цӀе йолчу говро гайтира. Иза лерина дара Мехкадаьттан а, газан а промышленностан белхахойн денна.

ШолгӀа говраш хахкарехь финишан аса хьалха «хадийра» «Харлам» цӀе йолчу говро. Иза Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьнен чу ваьлла 69 шо кхачарна лерина дара.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна леринчу кхоалгӀачу говраш хахкарехь толам «Саадака» баьккхира.

ДоьалгӀа дӀадаьхьна говраш хахкар «Газпром» юкъараллин Урхаллин директорна Миллер Алексейна лерина дара, цигахь толам «Эвредика» баьккхира.

ТӀаьххьарлера, пхоьалгӀа говраш хахкар Бахархойн барт а, цхьаалла а хиларан денна лерина дара – «Проза Проппер» говро баьккхира цигахь толам.

Говрш хахкар дӀадирзинчул тӀаьхьа, мехкадаьттан а, газан а промышленностан белхахой ша декъалбеш, республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира халкъ царна чӀогӀа реза хилар, хӀунда аьлча, цара шайн болх кхоччуш дика барца доьзна, нохчийн хӀусамашкахь йовхо лаьтта дела.

И.ИСЛАМОВ
№70, товбецан (сентябрь) беттан 9 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: