Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди Инстаграмерчу шен агIонехь даима а воккхаверца хаам беш ву Культурин министерствос вайн республикин лаьмнашца йолчу кIошташкахь бIаьвнаш, кхечу дешнашца аьлча историн-архитектурин маьIна долу комплексаш меттахIотторон белхаш дIахьош хилар хоуьйтуш а, и маьIне гIуллакх кхочушдарехь хуьлучу кхиамех шен хазахетар доькъуш а.

Министра дийцарехь, чаккхене бахана Шарара историн-архитектурин комплекс меттIахIотторон белхаш.
Ширачу гIишлон тIулгийн пенаш доьттина девлла, дан дуьсуш дерг бIаьвнан гIаьттнийн яккъаш яр а, тхов тилла гIайгIа бар а ду.
Дааев Хож-Баудис билгалдоккху шен хаамехь: «Болх цхьана а дийнахь сацош бац. Хенан хIоттаме хьаьжжина дIахьош бу комплекс меттIахIотторон белхаш. Нохчийн халкъалахь даима а хилла наха бертахь, цхьаьна болх беш, гIодаран ламаст. Цунах «белхи» а олура. Вайн заманахь а дехаш ду и гIиллакх. Даггара баркалла ала лаьа оха дIакхайкхочу белхешкахь жигара дакъалоцуш болчу Нохчийн Республикин хелхаран «Башлам» а, «Заманхо» а ансамблийн солисташна а, кхузахь куьг тоьхначу хIоранна а».
Ткъа Шаройн историн-архитектурин комплексана юкъайогIу тIеман 4 бIов а, маьршачу Iер-дахаран Iалашонан 7 бIов а, маьждиг а.
Шарара историн-архитектурин комплекс, 1,5 эзар шо хан йолуш, шира лоруш ю.
З.ЦЕНТОРОЕВА
№70, товбецан (сентябрь) беттан 9 де, 2020 шо