Кадыров Рамзан: Ярташкарчу культурин кхерчийн хьал дика дац

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана культурин декъехула мехала кхеташо дIаяьхьира республикин ярташкарчу культурин цIенойн а, библиотекийн а куьйгалхошца.

Кхеташо дIайолийра НР-н Куйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Закриев ИбрахIима, ярташкарчу культурин цIенойн а, библиотекийн а хьолах лаьцна доклад ярца.

И.Закриевс билгалдаьккхира республикехь 219 культурин муниципальни цIа хилар, 91 цIийнан бен шен долахь гIишло цахилар.

Культурин массо а цIа шайн-шайн кхачамбацарш болуш ду, ткъа церан уггаре а коьрта кхачамбацар – музыкин гIирсаш тоьаш цахилар ду. Цул сов, 16 цIа капитальни ремонт ян езаш ду. Иштта, ледара хьал ду ярташкарчу библиотекашкахь а. Уьш республикехь 266 ю, царах 263 муниципальни лоруш ю, ткъа шайн долахь гIишло йолуш 180 библиотека бен яц. Ярташкара библиотекаш, ерриге а аьлча санна, капитальни ремонт ян езаш ю, иштта дукхахйолчу библиотекашкахь компьютерш яц, ткъа интернет янне а яц. Цу тIе, республикехь долчу искусствон 39 цIийнах 12 цIа бен шен долахь гIишло йолуш дац, – бохура Закриев ИбрахIима.

Кадыров Рамзана довзийтинчу хьолана ша реза воций хоуьйтуш, бехк баьккхира культурин куьйгалле.

Республикин культурин министрана Дааев Хож-Баудина тIедиллира, карара шо чекхадалале, ярташкарчу культурин, искусствон цIенойн а, билибиотекийн а технически, материальни хьал тодар.

Культурин министерство даима а лехамашкахь хила езаш ю, похIма долу бераш лоьхуш. ТIекхуьучу чкъурана гIо дан деза культурин декъехь шегахь долу похIма кхиош. Ткъа цунна оьшург библиотекаш, культурин, искусствон хьаьрмаш ю. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) аьлла дешнаш ду-кх: «Культура ца хилча – къам хир дац». Цо уьш чIогIа нийса аьлла а хилла. Вай тахана къона чкъор кхиош ца хилча, кхана баккхийнаш дIабевлча, церан метта нохчийн къоман культура кхио хьакъдолуш нах хир бац. Культурин белхахо – иза корматалла яц, иза похIме хилар ду. Культурин белхахочун къинхьегам а, Iалашо а шен къоман культура, Iадаташ, гIиллакхаш лардар, уьш кхиор ю. Цул сов, культурин белхахочо къона чкъор ийманехь кхетош-кхиорна а йоккха хазна юкъаюьллу, – элира Кадыров Рамзана.

ВЕГИЕВА Макка
№71, товбецан (сентябрь) беттан 12 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: