Парламентехь дIаяьхьира гуьйренан сессин хьалхара кхеташо

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Парламентехь дIаяьхьира республикин Парламентан боьалгIачу кхайкхаман гуьйренан сессин хьалхара кхеташо.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин Парламентан председатель Даудов Мохьмад, иштта, республикин законодательни а, суьдан а, кхочушдаран а Iедалан органийн векалш, меттигехь шаьш урхалла даран а, юкъараллин цхьаьнакхетараллийн а векалш.

Сесси дIайолош, Даудов Мохьмада дийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана коронавирусан уьнца къийсам латторехь дIабаьхьначу балхах лаьцна.

Парламентан председатела дийцарехь, коронавирусан ун республикехь цадаржийта, шен хеннахь, оьшуш мел дерг, дерриге а дира.

Иштта, цо билгалдаьккхира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондо, шен коьртехь фондан президент Кадырова Аймани-Хьаьжа а йолуш, хала бохкучу дуккха а бахархошна гIо-накъосталла дина хилар.

Парламентан белхан коьрта гIуллакх ду мехала законопроекташ тIеэцар. Бахархойн дахаран дикалла лакхаяккхарна а, уьш социальни ларбарна а, бизнес а, совдегаралла а кхиорна бегIийла хьелаш кхолларна а, республикин инвестицийн дикалла лакхаяккхарна а тIехьажийна болчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун некъаца йогIуш ю и проекташ, – билгалдаьккхира М.Даудовс.

Таханлерчу дийнахь Нохчийн Республикин Парламенто, дийцаре а дина, тIеэцна 278 мехала закон.

Россин Федерацин Федеральни гуламан Пачхьалкхан Думин законашна юкъадахийтина Нохчийн Республикин Парламентан 3 законодательни дIадолор, тIеэцна тайп-тайпанчу гIуллакхашкахула а, 11 арзехула а Парламентан 200 сацам.

Иштта, Парламенто йийцаре йина 3 эзар сов федеральни законийн проект, 164 законодательни дIадолор а, Россин Федерацин субъектийн 118 арз а.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийн Республикин Парламенте а, халкъе а болчу шен кхайкхамехь тидам тIебахийтира бахархойн Iер-дахар тодарехь а, социальни кхиар лакхадаккхарехь а кхин а баккхий кхиамаш баха безаш хиларна.

Кхеташонехь иштта билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин Парламенто, тIекхуьуш долу къона чкъор кхетош-кхиорехь а, кхечу дуккха а гIуллакхашкахь а баккхий кхиамаш баьхна хилар.

ХIокху шарахь Парламентан депутаташа дIадаьхьна 6 100 цхьаьнакхетар, тIеэцна кхо эзар гергга вахархо.

Парламентан кхеташонехь, иштта, йийцаре йира «2021-чу шеран республикин бюджетан а, 2022–2023-чуй шерийн планан муьран а хьокъехь» долчу законан проект.

I.МУРТАЗОВ
№71, товбецан (сентябрь) беттан 12 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: