Iаьржачу хIорда тIера Каспин хIорда тIекхаччалц йолу оьрсийн дозанерчу чIагIонийн синтем байъинера 1785-чу шеран гуьйренан чаккхенехь. ТIеман цIе яра массанхьа а летта.

Меттигерчу халкъийн векалша хаддаза тIелетарш дора чIагIонашна а, царна юххехь ехкинчу оьрсийн ярташна а, станицашна а. Оцу хьолехь инарла Потемкин дуьхьалонан зилехь баккхий хийцамаш (реорганизаци) ца бича ца волура.
Зилехь хиллачу дерриге а эскарех кхо эскар вовшахтуьйхира цо. Цхьана эскаро нохчий, гIумкий, дагестанхой совцо безаш бара, шолгIачо – гIебартой, балкхарой, кхоалгIачо – ГIобанал дехьарчу халкъийн векалш.
Оцу сацамца нийса а догIуш, Шайх Мансураца къийсам дIабахьа хьовсийра инарла-майора Шемякина куьйгалла деш хилла эскарш.
Йоккхачу а, Жимачу а ГIебартойчуьра деш долу тIелатарш юхатоха хьовсийра инарла Потемкин коьртехь волу эскарш.
КхоалгIа эскар, коьртехь бригадир Апраксин волуш, Невинни Мысехь дIатардина дара. Цо шен тидамехь латто дезаш дара Прочни Окопана тIера Константиногорск гIопа тIекхаччалц долу доза.
Ламанхойн тIелетарш совцорхьама Потемкина юха а прокламацеш яхьийтира Мансурана тIаьхьа хIиттинчу халкъашка. Цхьайолчу меттигашкара цуьнга жоьпаш кхечира.
1785-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 12-чу дийнахь кхаьчначу, гIумкийн маттахь яздинчу кехата тIехь Йоккхачу АтагIарчу, Чечанарчу, Алдарчу яртийн дайша а, бахархоша а хаам бора: шаьш долчохь Имаман оьрсашка цабезам бац, цаьрца мостагIалла а дац.
Шайх Мансура хестош дерг, дIакхайкхош дерг деккъа бусалба дин ду. Цо законаш лардар а, къоланаш дечарна луьра таIзар дар а лоьху, бохуш.
Оццу хенахь яртийн дайша даррехь даре дора Имамера пурба доцуш Iедалца дийцарш дан шайн йиш цахилар а, шаьш и дан даьхьар цахилар а.
«Тхо Имама аьллачунна тIехь ду!», – яздора нохчийн яртийн дайша.
«Цо омранца тIедиллинарг кхочушдо оха. Иза Дала хаьржина стаг ву. Дала дарж делла стаг ву. Иза дика а ву, нийсо еш а ву. Цо керстанашна, кхечу динехь болчарна вас яр ца магадо. Бусалба закон (шариIат) кхочушдаре кхойкхуш ву. Шуна зен хила лууш вац. Цундела цо аьлларг дийр долуш ду тхо».
Оцу кехато гойту Нохчийчохь Мансуран сий-ларам, хьалха а санна, боккха хилла хилар.
1785-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 12-чу дийнахь Имам шен эскарца Аксайхьа дIаволавелира. Нижни Ярана тIекхаьчча, Терках дехьавала кечвала волавелира.
Ламанхой хих дехьа бовла гIертачу меттигана гена доццуш, Старогладовски станицина уллехь дара полковник Савельев коьртехь волу эскар. Цу юкъахь яра гренадерийн батальон, мушкетерийн ши рота, Теркаца йолчу станицашкара гIалагIазкхий.
Ламанхойн эскар герга кхочуш хилар ма-хиъинехь, полковника Савельевс Мазлакхерчу гIалагIазкхийн полкера эскадрон а, Гребенскерчу гIалагIазкхийн бIо а балийра, шайца йоккха топ а йолуш. ТIаккха, ламанхой хих сехьа бевр бу аьлла хетачу метте кхача сихвелира, царна хи тIебоьду некъ бехкархьама. Савельевн салтий дIасабоьлхуш гуш бацара хьун юькъа хиларна.
Ламанхой, туп тоьхна, Теркан бердайистаца охьа а хевшина, парггIат хил дехьа бовла кечлуш бара. Хьуьнна йисттера церан тидам беш лаьттачу Савельевс омра дира бердайисте гублеллачу ламанхошна герз тоха, аьлла. Сихйинна тоьпаш а, йоккха топ а еттаро ламанхойн хийистера сихха юхадовла дезийтира.
Мансуран эскар Теркаца хьала а дахана, хьуьна тIехьа къайладелира. ГIо тIекхаччалц собар а дина, Савельев шен эскарца Мансурана тIаьхьа велира, хин вукха агIорчу бердайистехула.
Полковника бахийтинчу мотбеттархоша хаам бира Имам, саца а сецна, Щедрински а, Чеврленни а станицашна юккъерчу (Кавказерчу) чIагIонийн зила тIелата кечам беш ву, аьлла.
Соьлжа хина юххе а веана, Мансур хьуьна юххехь сецира, БоргIана юьртана уллехь. Ткъа Савельев, хинна вукха агIор, Щедрински станицина уллехь дIахIоьттира шен эскарца. Шен эскаран коьрта дакъа БоргIанерчу хьуьнхахь а дитина, имам Алда вахара, кхитIе а бIаьхой вовшахтоха.
Эсаран беттан 22-чу дийнахь 6 эзар стаг юкъахь волчу эскарца Мансур, Соьлжах дехьа а ваьлла, ГIизлар йолчу агIор ца воьдуш, Теркаца хьалавахара. Иза гIебартошца цхьаьнакхета дагахь вара. Шайхан эскарна тIехь хаддаза тидам латтош хIинца полковникан Савельевн а, полковникан Лунинан а эскарш дара.
ТIаьхьарчу эскарна юкъахь Томски гIашсалтийн полк а, Аштаркханан полкан гренадерийн ротанаш а, доргалойн полкан ши эскадрон а, полкан масех йоккха топ а яра.
Мансурана чIоггIа тохар дан бегIийла хьал кхолладаларх кхеташ волчу инарла Потемкина сацам бира операцина полковник Нагель а юкъаозо.
Цо цунна омра дира Савельевн а, Лунинан а эскарех дIакхета, аьлла. Тохар даран йоккха тоба вовшах а тоьхна, цунна тIехь куьйгалла дар шена тIе а лаьцна, Нагель тIелата везаш вара Имаман эскарна, гIебартойх дIакхета йолу таро дIа а йоккхуш, юхавала некъ а ца буьтуш.
Потемкин, шеца 5 эзар бIаьхо юкъахь волу эскар а долуш, Бештойн лаьмнаш (Бештау) долчухьа дIавахана, Малка хи йистехь сецира, операци ерзочу хенахь дакъалаца дагахь.
Мансурехьа бевлла гIебартойн элий а, церан куьйга кIелахь берш а кхеталург хиларх дог дуьллуш воцчу инарлас цаьрга прокламацеш яхьийтира «Мансуран хабарех ца Iехалуш, цунна тIаьхьара дIадовла», – аьлла.
Потемкинан кхайкхамо шен ямарт гIуллакх дира. Дуккха а элий цуьнан лагере баьхкира, шаьш Россина муьтIахь хилар хаийта.
Оцу юкъана Мансур, Малка хи йистехь оьрсийн эскарш шена кIело йина Iаш дуй хиъча, хьалха дагалаьцна хилларг а дитина, шина станцина юккъехула а ваьлла, юха Нохчийчу дIаваха ойла хилла вара.
Делахь а, цуьнан аьтто ца белира и дан. Юург-мерг тоьаш цахиларо ламанхой дIасабовла йиш йоцуш, кIелбитира. Имама гIебартошка дехар дира хIора цIийнан цIарах шен эскарна цхьацца бежана а, цхьацца гали дама а лахьара, аьлла.
Масех дийнахь гIо кхачаре хьоьжуш а Iийна, Имама сацам бира ГIебартойчуьра йогIу йолчу ворданашна дуьхьал ваха. Амма цуьнга хьоьжуш, кIела хиъна Iаш полковникан Нагелан эскарш дара. Мансурах цхьана шарчохь зеделларг долу тIеман баьчча хиллера.
Даима а цуьнан эскарна хьалха хуьлура дошлойн хIайтаьлла тоба. Цунна гучудевлира кIело йина Iаш долу эскарш. Мансуран омранца ламанхоша сихха дIалецира Жимачу ГIебартан букъа тIехьара хьаннаш а, боьранаш а.
И дарца цара хIинца шаьш гуо бира Нагелан эскаршна. Оьрсаша тIелатар долийча, ламанхой юхабовла буьйлабелира, дуьхьал чIогIа герзаш а детташ, дитташна тIехьа а лечкъаш.
Мансуран Iалашо яра мостагIчун эскарш хьаннашна, боьрашна юккъе озор. Ишттачохь ламанхойн дика ка долура, бIаьрла кхиам а хуьлура. Делахь а, Нагельна хууш дара Пиерин эскар Имама муха хIаллакдина. Цундела цо шен эскарш шерачу ара юхадехира.
Оьрсийн санна хьоьжуш Iан аьтто болуш бацара ламанхой – кхачанан сурсаташ чекхдевллера. Делахь-хIета, мелла а сиха гIебартойн ярташка кхача дезара. Йоккхачу ГIебарта хьажийра церан махкахо Эла Дола.
Иза юхаваре ца хьоьжуш, эсаран беттан 30-чу Iуьйранна, сатоссучу хенахь, оьрсийн эскаршна маьI-маьIIера тIелата сацам бира Мансура. Пхеа сахьтехь лаьттира тIом. Амма цхьана а агIорчеран толам ца хилира. Ламанхой хьаннашка юхабевлира. Цара сацийра лаьмнашкара охьадогIуш долу кегий хиш.
И бахьанехь Нагелан эскарш, шайна чIогIа аьтто болуш йолу меттигаш а йитина, Татартуп чIагIонна юххе юхадовла дезаш хилира.
Лахьанан (ноябрь) беттан 2-чу Iуьйранна 7 сахьт долуш Нагелан эскаршна тIелетира Мансур. Йоккхачу а, Жимачу а ГIебартарчу мехкадайшкара гIо кхаьчначу Имама чIогIа тохар дира.
Оцу тIамехь дуьххьара пайдаийцира Мансура юкъадаьккхинчу даккхийчу турсех. Ламанхойн бIаьхошна даккхий зенаш дечу оьрсийн яккхийчу тоьпашна дуьхьал дика гIирс бара иза.
Турсаш шина могIаре ехкина дечигаш йолуш, царна юккъе доьхкина латта а долуш, цхьацца агIонца шишша чкъург а йолуш, дара. Оцу тIамехь ишттачу 70 турсах пайдаийцира.
ДIасалелош долу и турсаш а, дIасабаьржина могIа а бар бахьанехь (тIаьхьа тIеман теорехь иштта цIе тиллина оьрсаийн эскаршна тIелатарехь Имама дуьххьара юкъаялийна хиллачу тIелатаран кепана) Мансуран аьтто белира оцу тIамехь шен эскаран коьрта дакъа лардан.
ТIом хилла меттиг ламанхошкахь йисира. Нагель шен эскарца Мазлакхе юхавелира. Иза юхаваларо ламанхошна схьабиллира ГIебарта боьду некъ. Шайх Мансур гIебартоша толамхо санна тIеийцира.
Ткъа полковника Нагела шена кхин а эскарш далар дийхира инарла Потемкине. Цунна гIонна хьажийра Ладожски а, Бутырски а полкийн гренадерийн ши рота, ГIебартойн полкан ши бIе егерь, 150 гIалагIазкхи… Кавказан тIом чекхбаьлла бацара.
I.МУСАЕВ,
юридически Iилманийн доктор
№71, товбецан (сентябрь) беттан 12 де, 2020 шо