Россехь адвокатуро шен гIуллакхаш долийна цхьаъ ах бIе шо хьалха. Иза кхоьллира 1864-чу шарахь дIахьош хиллачу реформийн гурашкахь.
Юьххьехь дуьйна билгалдеш дара адвокатура ша шена урхалла деш организаци хирг хилар. Аьлча а, пачхьалкхах иза йозуш цахилар. Цо хьелаш кхуллура полицин дIахIоттаман нуьцкъалчу системина йохьалла хиларан кепаш юкъаялорна. Оццу хенахь паччахьан Iедална цхьана а кепара ца лаьара цунах либеральни институт хуьлийла, правительствона дуьхьал йолу тоба хилла дIахIуттийла. Цундела юьххьехь дуьйна гIуллакхаш дира адвокатурех демократин боламан гIортор ца хилийтарна тIехьажийна.
Шайна тешам беллачеран институт кхуллуш яра суьдийн палаташкахь йолчу къаьсттинчу корпорацин кеп санна. Закона тIехь билгалдехира присяжни тешам беллачарна хьалха хIиттош болчу лехамийн хьелаш. Ма-дарра аьлча, уьш цхьаьнабогIуш бара суьдахошка беш болчу лехамашца. Юридически лаккхара дешар хиларал а совнаха тешам беллачун юристан говзаллехула бинчу белхан пхеа шеран стаж хила декхар дара.
Уголовни санна, граждански а муьлхха а гIуллакхаш лело йиш яра присяжни тешам беллачеран. Делахь а, иза, я важа гIуллакх къастош дуьххьалдIа шаьш хилла ца Iара уьш бакъонаш ларъеш. Масала, граждански гIуллакх къасточу хенахь дакъалаца йиш яра шаьш къаьстина болчу тешам беллачеран, ткъа уголовни гIуллакх къастош – юххера гергара нах. Иштта болуш бара адвокатан балхана ял яларан барам а.
XIX-гIа бIешо чекхдолуш адвокатурин балхана юкъаялийра «сословие» аьлла керла термин, кхузаманахьлерчу матте даьккхича «юкъараллин шатайпана гIуллакх кхочушдеш йолчу цхьаьнакхетаралле вовшахтоьхна» юристийн юкъаралла. Амма и кеп Санкт-Петербургехь, Москвахь, Харьковхь бен юкъаяло таро ца хилира. Кхечу регионашкахь цхьацца адвокаташ бен бацара.
1870-чу шарахь присяжни тешам беллачара юристийн хьалхара консультаци схьайиллира Санкт-Петербургехь. Хан яларца адвокатийн гIоьнчаша коьртачунна консультацешкахь присяжни тешам беллачеран меттигаш дIалецира, ткъа церан клиенташ доккхах долчу декъана ахархой бара.
Адвокатийн юкъараллехь социальни айъам гуш йолчу пачхьалкхо билгалдехира церан балхахь адамийн билггалчу тобанна новкъарло ен долу гIуллакхаш. 1889-чу шарахь правительствос доза туьйхира адвокатийн коллегийн балха жуьгтий дIаэцарна. Царна бакъо ца лора адвокатийн гIоьнчийн даржехь хилий бен. Ткъа зударий-м 1917-гIа шо кхаччалц оцу декъана юкъабуьтуш а бацара, 1864-чу шеран реформаша присяжни тешам беллачеран даржехь хила царна бакъо луш хиллехь а. Болх-м хIунда буьйцура, юриспруденцих лаьцна йолчу лекцешка университеташкахь ладогIар а доьхкуш дара царна.
Адвокатурин балхана шайн хазна юкъайиллира 1917-чу шарахь хиллачу Октябрьски революцис а, цунна тIаьххье дIахIоьттинчу пролетариатан диктатуро а. Революцис шен коьрта декхар лерира буржуазно-хьоладайн пачхьалкхан аппарат юьззина хIаллакьяр а, керла социалистически пачхьалкх кхоллар а. 1917-чу шеран 24-чу ноябрехьлерчу суьдан хьокъехь долчу декретаца социалистически революцис дIаехира российски буржуазни пачхьалкхан суьдан ерриге а учрежденеш, цаьрца цхьаьна присяжни а, шайн долахь йолу а адвокатура.
Цо тIедалийра суьдашкахь гIуллакхаш къасторехь баккхий кегарий хиларна. Цундела пролетариатан пачхьалкхана ийшира адамийн бакъонаш ларъяран керла кепаш. Цуьнца доьзна дара 1918-чу шеран 7-чу мартехь декрет арадалар а. Цо тIедожадора белхалойн, салтийн, ахархойн Советашкахь юкъараллин бехкеваран кепехь санна, юкъараллин бакъо ларъяран кепехь а гIуллакх деш болчеран коллегеш кхоллар. Царна юкъабаха декхар дара белхалойн, ахархойн, депутатийн Советаша хаьржинарш. Амма и коллегеш а 1920-чу шарахь дIасалаьхкира адвокаташа шайна беллачу тешамах шайна пайда бо аьлла бахьана а хIоттийна. Оцу муьрехь 1917-чу шарахь хиллачу 13 эзар адвокатах 1921-чу шарна тIекхочуш висинарг 650 адвокат бен вацара.
1922-чу шеран 26-гIа май лору советски корматаллин адвокатура кхоллаяларан де. ХIеттахь тIеэцна адвокатурин хьокъехь йолу хьалхара положени а. Оцу хенахь дуьйна дIадоладелира адвокатийн коллегийн барам алсамбалар, юристийн консультацийн сеташ кхоллар. СССР-хь юридически дешаран юьхь дIайолало Московски Пачхьалкхан Университетехь юридически факультет схьаелларна тIера. Дуккха зерех чекхъяла дийзира адвокатурин цул тIаьхьа даьхкинчу шерашкахь а. Иштта, 1935-чу шарахь баккхий эшамаш хилира дуккха а адвокаташна балхара дIабахарца а, лерарш дарца а. Дерриге а тIехьажийна дара корматаллин юкъараллина коммунистически партис беш болу Iаткъам чIагIбарна. Цуьнца доьзна дара 1939-чу шеран январехь адвокатурин системехь цуьнан могIарерчу декъашхойн президиуман декъашхой а, председатель а харжа йолу бакъонаш дIаяхар а. Оццу шеран августехь СССР-н Министрийн Совето къобалдира «Адвокатурин хьокъехь долу закон». Цуьнан куьйгаллина кIел вогIура бархI эзар адвокат, махкахь вехаш 191 миллион стаг а волуш.
ДIадаханчу бIешеран 50-чу шерашкахь цхьаммо а шеконе ца хIоттадора уголовни а, граждански суьдашкахь адвокаташа лелош долу маьIна. Уьш «ловра» ур-аттал кассацин суьдашкахь а, церан дукхах долу дехарш оцу тIегIан тIехь дукха хьолахь кхочушдеш ца хиллехь а.
Корматаллин юкъараллехь цхьамогIа хийцамаш хилира цул тIаьхьарчу шерашкахь а. Масала, 1970-чу шеран 23-чу декабрехь тIеэцначу сацамца билгалдора халкъан бахамехь бакъонаш ларъяран болх тобаран Iалашонца гуттаренна болу юрисконсульташ боцчу предприятешкахь адвокаташ хилийтар. ДIадаханчу бIешеран 70-гIа шераш чекхдовлуш а, 80-чу шерийн юьххьехь а кхидIа а дIадаьхьира адвокатурин институтан бакъонан бух билларан гIуллакхаш. 1979-чу шеран 30-чу ноябрехь СССР-н Лакхарчу Совето тIеийцира адвокатурин хьокъехь долу хьалхара закон. Цуьнца адвокатурин балхахь цхьааллин кеп юкъаялайора союзни ерриге а республикашкахь. Дуьххьара тIеийцира адвокатийн декхарш кхочушдеш болчеран шайн лаамехь цхьаьнакхетараллаш вовшахтоха бакъо хиларан хьокъехь болу сацам. Ткъа цул тIаьхьа цхьа шо даьлча оцу законан буха тIехь РСФСР-н адвокатурин хьокъехь йолу положени тIеийцира.
XX-чу бIешеран 90-чу шерашкахь дIаяьхьначу суьдан-бакъонан реформо хаъал хийцира адвокатан а, адвокатийн цхьаьнакхетараллийн бакъонан статус. Махкахь суьдан Iедал кхолларца, Россин бакъонан системина адамийн бакъонийн хьокъехь йолу дуьненаюкъара пакташ юкъаялорца, уголовно-процессуальни законодательство шардеш-тодарца, арбитражан-процессуальни законодательство кхолларца доьзна хаъал шоръелира адвокатан бакъонаш.
1993-чу шарахьлерчу РФ-н Конституцис дикка йоккха гIулч яьккхира бакъонан пачхьалкх дIахIотторан новкъахь. Ткъа цуьнан 48-чу статьяца тешам лора корматаллин юридически гIо хилийтарна. Конституцис дерриге а хьелаш кхоьллина гражданийн бакъонаш а, хьашташ а адвокаташка жигара лардайтарна тIехьажийна.
2002-чу шарахь тIеэцначу «РФ-хь адвокатийн белхан а, адвокатурин а хьокъехь» долчу законо шуьйра йовзуьйту адвокатурин вовшахтохараллин принципех а, иза йозуш йоцуш хиларна болчу тешамах а, хьакхалуш йолу положенеш. Адвокатурин хьашташ кхочушдарна, цуьнан сий-ларам лакхабаккхарна, адвокатийн бакъонаш ларъярна доккха маьIна долуш хилира адвокатийн цхьаьнакхетараллаш – адвокатийн союзаш кхоллар, ткъа керлачу законаца Федерацин субъектийн адвокатийн палаташ, РФ-хь адвокатийн Федеральни палата кхоллар. Цо тешам ло корматаллин юкъаралло адамийн бакъонаш ларъяран декъехь ша деш долу гIуллакхаш кхин а жигарадохург хиларна.
Нохчийчоьнан берриге а адвокаташ даггара декъалбо оха церан корматаллин денца.
Л.АБУБАКАРОВ
шот, 30 май, 2015 шо, № 59