Цхьана синтарх даьлла беркат

1997-гIа шо Нохчийчуьйра хьалхара тIом дIабаьлла, нах маьрша дахар дIанисдан гIерта хан яра, аьлча а, нохчийн халкъана кхин тIом гур бац моьтту хан.

Цу хенахь Шела шахьарахь йоккха базар хуьлура. Дагестанера а, Азербайджанера а, Гуьржийчуьра а совдегарш богIура йохк-эцар лело.

Иштта, цхьана дийнахь оцу базара яхар нисделира Шеларчу яхархочун Дутаева Розин. Меттигера бахархой хилла ца Iаш, кIоштара а, кхечу кIоштаршкара а бахархой хуьлура оцу базарахь.

Оьцучарал а дукха буй те аьлла хеташ, стоьмаш, хасстоьмаш, бедарш, чохь-кертахь лело гIирсаш бухкурш а бара. Шена оьшург лоьхуш, къестош, механа йорах ерг оьцуш лелаш йолу Роза гуьржийн цхьана совдегарна тIенисъелира.

Совдегар лимонаш юхкуш вара, иштта зазадаьккхина лимонийн синтарш а дара цуьнгахь духкуш. Ша лимонаш эцна яьлча, юх-юха а оцу синтаршка хьоьжуш Iаш, цаьрга безам бахана, цхьа синтар ийцира Розас.

Дукха лерина кхиийра Розас и синтар. Цу тIе латийначу лимонийн хIуш юхадIадуьйш, дуккха а синтарш кхийра цо.

23 шо ду сан дахар лимонийн дитташца доьзна. Сан царах чIогIа самукъадолу. Юьхьанца ас иза чохь кхиадора. Цул тIаьхьа, кхин а синтарш кхиа доьлча, наьрсашна, помидорашна санна четар а дина, цу чохь кхиош ду. +5 градусал лахара шело ца лов оцу дитташа. Цундела Iаьнан чилланах лардеш, четар чохь цIе ягайо, эшахь диттийн генашна тIе хIума а хьарчайо, – дуьйцу Розас.

Алссам мутт долуш, дуткъа чкъор долчу тайпанах ю Розас кхиош йолу лимонаш. Дитташ 4 метр лекха ду, ворхI баттахь цкъа стом латабо царна тIе. Гуьйренан чаккхенехь, четаран локхаллица нийсса генаш дIахедадо церан. Лимонийн дитташ Iалашдеш Розина гIо деш ву цуьнан хIусамда Мохьмад а, ши кIант а.

Лимонаш кхиа а еш, царах рицкъ латторан Iалашонца лелош яц уьш Розас. Шена хазахеташ, самукъадолуш лелайо. Ткъа дитташа белла стоьмаш лула-куларчу, гергарчу нахана дIасало. Йохкахьара аьлла, дехар деш веанарг а, дукха хьолахь, сагIина а лой, дIавохуьйту.

Оцу сайн дитташна юкъаяьлча, цаьрга бIаьргтоьхча, дегIера лазар дIадолу сан, ойланаш а цIанло, даг тIехь синтем хуьлу. ХIора а диттан амал евза суна, адамашна санна, царна а хуьлу цатемаш, цамгарш. Цундела, даима а уьш лардеш, церан гIуллакх деш лела со. Лимонаш дукха латийча, шена совъяьлларг, мажъяллалц а ца Iаш, охьакхуссу цо, ткъа уьш мажъяла йоьлча, генаш дазлой, охьалахло, – кхидIа а дуьйцу Розас.

РозагIаьрга хьошалгIа ваханчун, муьлххачу а хенахь, таро ю лимон тесна чай мала а, лимонийн варенин чам баккха а.

Дуьненахь а даьржина ун бахьана долуш, вайн махкахь карантин дIакхайкхийначу муьрехь базарахь юхкуш йолчу лимонийн мах масех туьманна хьалабаьлча а, Розина дага ца деана лимонаш дIа а юхкуш, шена цунах сом даккха, мелхо а, и эца таро йоцучарна сагIина луш, гIонакъосталла дина.

Вайх муьлххачо а лелош долу гIуллакх, шен доьзална, гергарчаьрна, лула-кулахь болчарна пайда бохьуш хила деза, тIаккха бен сица токхе ца хуьлу.

ВЕГИЕВА Макка
Суьрта тIехь: Дутаева Роза шен лимонийн бешахь

№71, товбецан (сентябрь) беттан 12 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: