Дешарехь кхиамаш бохучу дешархошна материальни гIо дийр ду пачхьалкхан совгIаташца (гранташца). Товбецан (сентябрь) беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна 125 эзар соьмана йолчу грантана заявкаш схьаоьцуш ю похIмечу дешархошкара.
Оцу тайпана гIо дар «Терахьийн экономикин белхахой» аьллачу Федеральни проектан гурашкахь кхочушъечу Къоман «Россин Федерацин терахьийн экономика» программица дIахьур ду.
Математикин а, информатикин а, терахьийн технологийн а дакъошкахула баккхий кхиамаш бохуш хьуьнар, похIма хиларца билгалбевллачу дешархошна гIо даран Iалашонца кхоьллина, кхочушъеш ю юьйцуш йолу проект.
Шайн кхиамаш хилар тIечIагIдеш, дешаран 2018–2019-чу шарахь школин предметашкахула хиллачу олимпиадашкахь а, конкурсашкахь а шайна делла дипломаш, сертификаташ, я Iилманан балхехула шайн хиллачу толамна елла патенташ, я тоьшаллаш гайта дезар ду дешархойн.
Грантана заявка чуяла бакъо ю дешаран 2018–2019-чу шарахь «Россин похIма» пачхьалкхан хаамийн ресурсана юкъахь школашкахь дешначу берийн, кхиазхойн.
Грантана заявленеш чудала деза товбецан хьалхарчу дийнахь дуьйна эсаран беттан 10-гIа де тIекхаччалц йолчу юкъанна. И гIуллакх дешархойн «Госуслуги» пачхьалкхан порталехь, регистраци йина, тIечIагIдина хила а деза.
Пачхьалкхан грантана заявка чуяла бакъо ю 14 шо кхаьчначу дешархочун а, 19 шо кхачаза волчу кхиазхочун а шен цIарах я цуьнан векал хIоьттинчу воккхачун цIарах.
Электронни заявленица цхьаьна хила еза дешархочун дешаран меттигера справкин а, документийн а сканер-копеш.
Справкашна тIехь билгалбаьхна хила беза дешархочун дешаран кхиамех болу хаамаш а, ткъа иштта, гайта еза Россин банкехь счёт хилар гойтуш йолу реквизиташ а.
Гранташ яларан гIуллакх цхьалхадер ду 2020-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 1-ра де тIекхачале.
№71, товбецан (сентябрь) беттан 12 де, 2020 шо