Библиотекин фонд тIеюьзна

Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментана хьалха йолчу аьхкенан амфитеатран бешахь дIадаьхьира хIорашеран «Библиотекина книга луо» аьлла долу цхьаьнакхетар.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, цуьнан заместитель Милькиев Рустам, иштта, А.Айдамировн цIарахчу Нохийн Республикин Къоман библиотекин директор Исраилова Сацита, кхиберш.

Гулбеллачаьрга маршалла а хоттуш, Дааев Хож-Баудис шен къамелехь баркалла элира цигахь дакъа мел лаьцначунна: «Шу дерриге а доккха гIуллакх деш ду. Дела реза хуьлда шуна массарна а, оцу кепара вайн библиотекийн фонд тIеюзарна», – элира цо.

Иштта, министра билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьана долуш, вай республикехь библиотекаш а, церан хьал а, шо-шаре мел долу, толуш хилар.

«Вайн республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс хаддаза куьлтурина деш долчу гIуллакхийн мах хадийна вер а вац. Кху мехкан хIора кIоштахь а, юьртахь а нохчийн къоман историца, маттаца мел доьзна долу диканиг, цхьа а тесна цадуьтуш, схьавогIу Ахьмад-Хьаьжин Рамзан. Дела реза хуьлда цунна!», – билгалдаьккхира министра.

ДIаяьхьна мероприяти бахьана долуш, Соьлжа-ГIалин библиотекин фонд цхьа эзар сов книгина тIеюьзира.

СовгIатана елла йолу книгаш еша аьтто хир бу А.Айдамировн цIарахчу НР-н Къоман библиотеке богIучу книгашъешархойн.

Библиотекин белхахоша а баркалла элира оцу гIуллакхехь дакъа мел лаьцначарна.

Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментан артисташа концертан программа а гойтуш ерзийра мероприяти.

Кантаев Абумуслим
№71, товбецан (сентябрь) беттан 12 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: