Хьомсара махкахой! Вайн халкъо билгалдоккхуш ду уггаре а дукха дезаш долчу дезачу денойх цхьаъ – Нохчийн зудчун де!

Юкъараллин уггаре а исбаьхьачу декъан векалша республикин дуьхьа гайтинчу хьуьнарийн мах хадийна вай девр а дац. Цара даима а, массо хенахь а лардина вайн халкъан сий, гIиллакхаш, ламасташ, дайн Iадаташ.
Вайна дика дагадогIу ХХ–ХХI-чу бIешерийн зилехь хилла тIеман, политикин, экономикин бохамаш бахьанехь нисделлачу буьрсачу зерех нохчийн зударий мел доккхачу доьналлица чекхбевлла. Халкъан кхоллам къасточу оцу чолхечу муьрехь вайн тешаме гIортораш хилла дIахIиттира уьш.
Цул тIаьхьа йоккха хазна юкъайиллира вайн йохийна гIаланаш, ярташ когахIитторна, республика кхиорна. Тахана а нохчийн зударша дIахьо правительствехь, меттигашкахь шаьш урхалла даран органашкахь, бакъонашларъяран структурашкахь, социальни учрежденешкахь хьанал къахьегар, бизнесехь, искусствехь, Iилманехь кхиамаш бахар.
Нохчийчоьнан хIора вахархочунна зуда бакъйолу къинхьегамхо, кхерч, цIийнан аьхналла, синмехаллаш ларъярхо ю. Вай церан боккха сий-ларам бо цара шайн ноналлин декхарш дицдеш ца хиларна а. Церан белшаш тIехь бу тIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь, гIиллакхе, оьзда, яхь йолуш, эхь-бехк долуш кхетошкхиоран жоьпаллин мохь. Оцу сийлахьчу декхарца вайн зударий кхиамца лара а бо.
Со тахана воккхаве вайн зударийн, нанойн, мехкарийн шайн кхоллараллин, динан, кхетаман таронех буьззина пайдаэца Нохчийн Республикехь аьтто хиларх. Иштта хир а ду даима а. Оха дерриге а дийр ду хьелаш кхин а тоьлаш хилийтархьама.
Хьомсара зударий! Суна даггара лаьа шун доьзалшкахь ийман, беркат, ирс лаьттийла, шуна тIехула йолу стигал даима а маьрша хуьлийла! Дикачу дерриге а дIадолорашкахь кхиамаш а, аьтто а хуьлда шун!
Кхин цкъа а – Дала декъалдойла шу!
№73, товбецан (сентябрь) беттан 19 де, 2020 шо