Хаамийн а, зорбанан а министерствехь билгалдаьккхира Нохчийн зудчун де

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн Указаца нийса а догӀуш, 2009-чу шарахь дуьйна, товбецан (сентябрь) беттан кхоалгӀачу кӀирандийнахь билгалдоккхучу Нохчийн зудчун денна лерина, даздарийн цхьаьнакхетар дӀадаьхьира республикин Хаамийн а, зорбанан а министерствехь.

Цигахь дакъалоцуш хиллачу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гӀоьнчас – Хаамийн а, зорбанан а министра Дудаев Ахьмада дезачу денца декъалбира нохчийн зударий.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, нохчийн берриге а божарийн а, сайн а цӀарах ас даггара декъалдо шу шайн дезачу денца! Вайн халкъана тӀехӀиттинчу уггаре а чолхечу, халачу хенашках дийнна доьзалшна чӀагӀонаш а, гӀортораш а хилла лаьттина нохчийн зударий. ХӀусамашкахь паргӀато а, кхерчахь йовхо а латтайо аш, – билгалдаьккхира министра.

Иштта, Дудаев Ахьмада карладаьккхира нохчийн зударша хӀоразза а гойтуш долу доьналла, адамалла, синъондалла.

Дукхазза а вайн халкъо лайначу халонашкахь, баланашкахь, бохамашкахь доьналла гойтуш чекхбевлла нохчийн зударий. Божаршна юххе дӀа а хӀуьттуш, шайн догӀмаш а ца кхоош, шайн бевза-безарш а, цабевзарш а кӀелхьарбаха гӀерташ, къахьегна вайн зударша. Дала декъалбойла вайн наной, йижарий. Ас даггара декъалдо шу Нохчийн зудчун денца! – олуш, дерзийра цо шен къамел.

Цул тӀаьхьа, ведомствехь болх бечу зударшна мехала совгӀаташ а, зезагийн курсаш а луш, нохчийн зударшна лерина концертан программица дӀадерзийра цхьаьнакхетар.

И.ХАСАХАНОВ
№73, товбецан (сентябрь) беттан 19 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: