Белликовскийн, Субботникийн, Кан-Каликан цIарах урам

ти

Соьлжа-ГIалин  бахархошна дика бевза Субботников урам.  Кавказан тIом чекхбаьллачул тIаьхьа, Соьлжан аьтту берда йистехь, Грозный-гIопана юххехь керла юрт йиллира . Паччахьан эскаран эпсарна, полковникна П.Белликовна, шена тIедехкина декхарш дика кхочушдарна, цу меттехь лаьттан доккха дакъа деллера. Иштта тиллина яра цигарчу урамна Белликовская, аьлла цIе. И меттиг цу хенахь гIалин йист ларалуш яра. Дуккха а шерашкахь лаьттира Белликовская урам цхьамма а дола  ца деш. ДогIа деача, ур-аттал, ворда а дIа а ца яхалуш, иза хотталара схьаяккха гIерташ, бала хьоьгура наха.

ХIинца №22 йолу юккъера школа йолчохь, хьалха гIалин полици яра. Паччахьан эскарша тоьпаш тоьхна хIаллакбинчу белхалойн коша тIехь хилла чуьйнан экъа  лаьттира цу хьалха дуккха а шерашкахь. Бехк боцуш байъинчу  накъостийн сийнан яйтина яра белхалоша шайн ахчанах и экъа.

Шераш дIаихира. Махкахь Советийн Iедал дIахIоьттира.Къоначу советски республикин къийсам латто дийзира кхечу пачхьалкхашкара интервенташца а, оьрсийн контрреволюционерашца а. 1918-чу шарахь август баттера ноябрь бутт тIекхаччалц, фронтан зил, цуьнан аьрру фланг, цу урамехула чекхйолуш яра. Белликовски тIай тIехь  большевикаша дуккха а тIемаш бира гIалагIазкхашна-бичераховцашна дуьхьал. БIедийнан тIемаш болуш урам хилла меттиг а ца карайора. ТIамо йитинчу ларо хоршара даьккхира цхьана битаме дан гIерташ долу гIалин дахар. Промыслаш  а севццера болх бечура .

Граждански тIом чекхбаьлча Соьлжа-ГIалин пролетариато халкъан бахам меттахIоттийна ца Iаш, гIала тоян йолийра.  Московско-Казански цIерпошта некъан коммунисташа махкахь дуьххьара субботникаш кхайкхо долийна хан яра иза. Ленин Владимира а, партис а бинчу  кхайкхамашца  лозунгашца белхалой арабевлира йохийна меттигаш тоян.

1920-чу шеран 1-чу майхь, Соьлжа-ГIала деникинцех парг1атяьккхинчул тIаьхьа,  субботник дIадаьхьира. Болх бан мел оьшу гIирс  схьа а эцна, белхалой Белликовски ураме арабевлира.  И урам цIанбина ца Iаш, вокзалан перрон а, цунна тIедоьлху некъаш  а  ц1анйира тIеман цIаро ягийначу вагонех а, цистернех а.

Соьлжа-ГIалин вукху йистехь,  Халкъан цIенна  хьалха, старопромысловцаш гулбелира. Тобанашка бекъа а белла, мехкадаьтта доккхуш йолчу Васильев  к1отара  хи далош йолу биргIа йилла буьйлабелира уьш. Самукъане чекхделира белхан де–эшаршца, иллешца, забаршца. МаьркIажан хан хилале, хи далийна бевлира уьш. И санна субботникаш кест-кеста дIаяхьа йолийра Соьлжа-ГIалахь.

1921-чу шарахь  Кавказан къинхьегаман 8-чу  эскарна субботник еш гIо дан 4 эзар белхало а, балхахь боцу хIусамнаной арабевлира. Цу дийнахь шайна догIу алапа Поволжьера мискачу нахана а, Соьлжа-ГIаларчу берийн цIенойн хьашташна  а дIахьажийра цара.

1920-чу шарахь Белликовски урамна Субботников ц1е тиллира. И цIе цо лелийра 2013-гIа шо тIедаллалц.

Ши шо хьалха Субботников урамна Кан-Калик Викторан цIе тиллина.

Виктор Абрамович Кан-Калик Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан ректор хилла. Цул сов, иза вайн махкахь а, цуьнан дозанал арахьа а дика вевзаш Iилманча вара. Нохчийн а, гIалгIайн а кегийрхошна дуккха а Iилманан хаарш делла цо.

Нохчийчохь кегарийн болабелча,  зуламхоша  тешнабехкаца  вийра  В.Кан-Калик. Иштта, герз тоьхна вийра,цунна орцах ваьлла волу цуьнан белхан накъост, 1илманча  Бислиев Iабдул-Хьамид а.

Б.ДУДАЕВА

шот, 30 май, 2015 шо, № 59

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: