«Ведучи» курорт газ йилларан программина юкъаяхийтина

Берриге а муьрийн туристийн-рекриационни «Ведучи» курорт юкъаяхийтина газификацин а, газаца кхачояран а Россин регионийн программина. Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима.

«Таханлерчу дийнахь тхуна хьалха лаьтташ ду туристийн комплекс шоръярна оьшу инфраструктурин а, коммуникацин а объекташ яран декхар. Оцу декъехь белхаш дIаболийна. Уьш 2021-чу шарахь чекхбаха дагахь а ду тхо», – элира Хучиев Муслима.

«Ведучи» курортехь бан лерина белхаш чекхбаьхча, цигахь когсалазаш (лыжанаш) хехкаран 17 некъ хир бу, вархI подъемник хир ю, шале поселок, сервисан туьшаш, лаьмнашкахь когсалазаш хахка Iаморан школа, ресторанаш, кафе, кхиерг хир ю.

ХIора дийнахь 4 800 хьаша тIеэца аьтто хир бу курортехь.

М.Хучиевс билгалдаьккхира «Ведучи» Къилбаседа Кавказехь уггаре а тоьллачех а, шен доккха хиндерг долчех а цхьа проект хилар. ХIинцале а Нохчийчоьнан уггаре хазачу меттигех цхьаъ хилла дIахIоьттина иза, туристаш шена тIе а ийзош.

«Деккъа цхьана 2019-чу шарахь вайн республике туристаш бахкар 10-зза алсамдаьлла цул хьалхарчу шарца дуьстича. ХIора проект кхочушъяро таро лур ю регион экономикин кхиар сихдан, туристаш тIеэцаран бегIийлаш алсамъяха», – элира М.Хучиевс.

№73, товбецан (сентябрь) беттан 19 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: