Къаьмнийн театрийн фестиваль дIахьур ю Нохчийчохь

Республикин культурин хьаьрмахь кестта кхин цхьаъ а бIаьрла хилам хир бу.

Соьлжа-ГIалахь дӀахьур ю Къаьмнийн театрийн федерацин Ерригроссин шолгIа фестиваль. Нохчийн Республикехь эсаран (октябрь) беттан 17-чу дийнера 25-чу дийне кхаччалц дIахьон йолчу фестивалехь дакъалаца йогIур ю Россин тоьлла театраш.

Фестиваль вовшахтухуш ю Россин Федерацин культурин министерствос а, Россин театрийн гIуллакххойн Союзо а, Нохчийн Республикин Правительствон а, Нохчийн Республикин культурин министерствон а гIоьнца.

Фестивалан директор Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театран директор а, исбаьхьаллин куьйгалхо а, Россин театрийн гIуллакххойн Союзан Нохчийн отделенин председатель Ахмадова Хьава ю, ткъа фестивалан программин директор – Россин театрийн гIуллакххойн Союзан къаьмнийн театрийн кабинетан заведующи а, Россин театрийн режиссерийн Гильдин жоьпаллин секретарь Корчак Марина.

Къаьмнийн театрийн федерацин Ерригроссин фестиваль даима а Нохчийн Республикехь дIаяхьаран ламаст кхолладелира стохка вайн республикехь хьалхара фестиваль дIаерзош.

Фестивалана дика кечам бина иза вовшахтухучара – фестивалан экспертни комиссин декъашхоша. Уьш бIаьргтоха ларийра фестивалана билгалъяьккхинчу 54 спектакле.

ЖамIаш дича схьахьаржинарг Россин 12 регионан Къаьмнийн театрийн 15 спектакль ю. Фестивалана кечйинчу афишина тIехь билгалъяьхна а ю уьш.

ХIокху гуьйранна Соьлжа-ГIалахь дIахьон йолчу фестивале кхача леринчу Къаьмнийн театрашна юкъахь ю Къилбаседа Кавказан республикашкара а, Россин кхечу регионашкара а театраш.

Фестивалан болх шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь гойтуш бу, цул сов, Нохчийн къоман театран куьйгалло инстаграмехь йолчу шен агIонехь хоуьйту, фестиваль ган лууш болчу махкахошка шаьш хьоьжуш хилар.

№73, товбецан (сентябрь) беттан 19 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: