2000-чу шеран аьхкенан юьххьехь дара иза. Аьтта тIекIалтесна Соьлжа-ГIала а, мохк мел бу хоьхку тIеман техника а, денна дIакхоьхьу адамаш а, царна тIаьхьа боьлху нохчийн наной а, цхьана а меттехь болх беш йоцу школа я дешаран цхьа заведени а, я махкахь арадолуш доцу цхьа вайн маттахь газет а, журнал а…

Со кху махкара, я ерриг а Россера дIаваха воллуш вара. ДIаваха, я стенга а, мича а, муха а ца хууш.
Некъаш хIораммо а тайп-тайпана дуьйцура, юха дозанал дехьа волуш ала дезарг а, дан дезарг а хьоьхуш. Шен цIахь а волуш шен цIера ваьллачу, я шен Даймахкахь хIора а нохчичуьнга шен Даймохк лоьхуьйту шераш дара уьш.
Я цхьана хьан цIийнах а, юьртах а, я цхьана а вайн нохчийн юьртара хила йиш а йоцчу, Делан а, къоман а мостагIаша хьан Нохчийчоь хьуна хьарам а еш, кхидолчу массо а къомана хьанал а еш, хьан иза лачкъийна шераш.
Хьан дерриг а халкъ кху дуьненан массо а халкъо сийсазден, хIора а хаамийн гIирсо хIора а денна, сарралц, шен хIун бехк бу а ца хуу нохчийн халкъ сийсазден денош, шераш, беттанаш.
Легашкахь цхьа къаьхьа шад лаьттара, юха коьртехь тIаьхьарчу шерашкахь мел гинарг, мел лайнарг, кху мискачу, шен къинхетамах дIовш даьлла, яла йоьжначу Нохчийчоьнан лаьтта йийшина, ченашлахь Iохку гIаланаш а, хIусамаш а…
Дега аьллера, нана яцара… Деда вара. Цуьнан бIаьрдуьхьал хIоттар дара уггар а халаниг. Цуьнан къамел гуттар а цхьана генара хуьлура.

И деден генара къамел а, хьехарш а дукха генара дара, итт шарера, хIора денна, школера воллушехь Маьрша Нохчийчоь ян араваьлла хиллачу хьан сирлачу, беран сатийсамашка ла а ца луш, амма дуьхьал хIума ала йиш а йоцуш, хьо ца тешна, хьуна теша ца лиъна долу бакъдерг дара тховса суьйранна а ладогIа дезаш.
Амма тховса къарваларан, хьуо хьайна иэшоран, хьуо кIелвисаран, ницкъ кхачоран иэхьал а деза дара дедега ала дезар а, юха цуо хьуна лун долу жоп а…
– Дада, со дIаваха воллу, – элира ас, рагIу кIеларчу дечиган маьнги тIехь маьркIажан ламаз дIадерзош воллуш хиллачу деден уллехь, и валлалц собар деш а Iийна.
– КIордийна суна дерриг а. ХIара хIинца Нохчийчоь яц, хIара кхин хир яц Нохчийчоь. Ас деса къурдаш сецадора легашкахь. Дада вист ца хуьлура. Иза уггар а халаниг дара. Цуо дош цааларо дуккха а дуьйцура. Цуьнан оцу иштта хуьлуш йолчу тийналло Iадавора цкъацкъа.
– Стенга ваха воллу хьо, – хаьттира дадас, эххар а. – Амма сан дала жоп дацара. И хаттар ас тIаьхьарчу деношкахь сих-сиха айса сайга луш, амма жоп доцу хаттар дара а, и дадин вист а ца хуьлуш, хIинца долу ладегIар санна. – Ца хаьа, цкъачунна ца хаьа суна суо стенга гIур ву. Кху махкара массо а дIавоьдуш ву, вайн мохк бохийна, белхаш бац, дахар а меллалц хир ду хууш цхьа а вац… – сайн дегош долу аз ца гайта гIерташ къийлавелла со кхин вист а ца хилалуш висира.
Дедас юха а ладоьгIура, схьа ца хьожура, пена тIе бIаьргаш а доьгIна Iаш волчу дадас, – кхана дуьйцур ду вайшимма, – элира эххар а.
Сан къамел кхачийра. Я суна схьахаийтира и хабар цу суьйранна кхин дIа хила оьшуш доций. Аьхкенан буьйса Iаьржа яра. Свет а яцара. Сахила гена дара я чохь буьйса яккха а дацара маьрша… Цхьанхьа ваха везара буьйса яккха я, нахана а ца лаьара хьо шайга вогIийла, хIора а вара сингаттамехь…
– Хьада, дIавало, дIавала, ахь а, хьо санна мел леллачо а лехнарг ду шуна карийнарг. Хьан боьхкина хьан мохк, хьан аьтта хьан мохк, хьо а, хьо саннарг а хьан ца вуьтура ваха… – къамел кхин дIа ца хилира. Дада шен чу вахара. МаьркIажан бода а къовлабелира…
Де буьйсанал а маьрша дара. Ас дечу къамелана ша реза вацахь а, амма и шен резавацар лачкъийна, сайна бакъо дадас лург хиларх тешна волу со шозлагIчу дийнахь, сарралц, сайн цхьацца кечамаш беш а лийлира. Суьйранна керта вогIу со чу кхайкхира дадас.
– ЦIавеан хьо, – Дада, шен хIусамашна хьалхарчу сенин кораца долчу оганца бинчу дечиган маьнги тIехь Iара. – Веа, – элира ас. – Цхьацца кечамаш беш вара со. Кхузахь кхин машаре дахар хир ду бохучух тешаш вац со, Дада. Вайн мохк аьтта, гIаланаш йохийна, адамаш денна дIадуьгуш, хIаллакдеш, тIепаза довш ду…
– Машаре дахар дича бен ца хуьлу, – юха а ойланашка велира дада. Ахь ца дира машаре дахар, аш ца дира, хIинца мел хан ю хьан, кестта 28 шо кхочур ду. Къанвелла стаг ву хьо. Ахь маса синтар доьгIна, маса хIусам йоьгIна, къа ца хьегча ца хуьлу хIумма а…
– Ас ладоьгIура. – Хьо ца оьшу цхьанхьа а ваха, – доккха са доккхуш санна тIетуьйхира дедас, – хьуна ваха лаахь, хьуна кху махкахь дика хила лаахь, къахьега, цхьанхьа а ма гIо.
ХIинца, тахана кху махкахь керла куьйгалхо хIоттийна хьуна, кху махкахь кху мехкан куьйгалхо хIинца вайн къоман стаг ву, къонах ву, дикачу буха тIера ву, суна церан баккхийнаш бевзара…
– Мила хIоттийна, муха хIоттийна вайнехан стаг. Кхуза муха хIоттаво нохчи?..
– Со цецвелира. Тахана вайна хIуъа хетахь а, и шераш цхьаболчарна мел дицделлехь а, амма хьал девзаш хиллачунна, и суьрташ гиначунна теша хала хIума дара дадас дуьйцург.
– ХIун цара, цара муьлш бу? Цара ца хIоттийна, Дала хIоттийна, Дала хIоттавайтина цаьрга. Вайн къомах бина боккха къинхетам бу иза. Хастам бу Далла, Дала юха а къинхетам би вайх вай мухха хиллехь а, вай вовшашца хIуъа лелийнехь а.
Тахана дуьйна кху махкахь куьйгалхо АхьмадХьаьжа ву хьуна, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
– Дадин бIаьргаш тIунделлера. Со вист ца хуьлура, я вист а ца хилалора цу дуккха а хIуманаш шен дахарехь гиначу стеган ладегIар гуш, цунна хIун гина, хIун лайна, стенгахула чекх вийлина хууш. – Баккъал а боху ахь, дада, – эххар а хаьттира ас.
И сайн хаттар нийса доцийла хуъушехь. Дада, вайн муфти ма ву ахь вуьйцург, вуй? – Ву. ХIицца цхьа сахьт хьалха радиочухула ладуьйгIира ас. Ахьмад-Хьаьжас къамел а дира. Къонахчун къамел а дира.
Кху Нохчийн махкахь цхьа а зуламхо вац я талорхо а вац, цхьана а нохчичун бехк бац… бохуш, дукха чIогIа дика къамел а дира цуо. Дела реза хуьлда цунна…
Суна Ахьмад-Хьаьжа вевзара. Цуьнан кхетам а, къонахалла а евзара. Хьалхара тIом дIабаьлла, нохчийн маьрша пачхьалкх ян арабевлларш, шайн даржаш ца декъалуш, барт а боьхна, тIамо гIелдина халкъ массо а агIор дIаса ийзош хьийзон боьлча, дуьххьара уллера вевзира суна Ахьмад-Хьаьжа.
Юха, цул тIаьхьа, Ичкерин президент хIоттийна волу Масхадов шена халкъо бела тешам цхьана обаргашна, талорхошна дIа а боьхкина, цу зуламхойн боьхачу гIуллакхех шен халкъ лардан ницкъ боцуш висича, шозлагIа кхин а дика вевзира.
Юха, цул тIаьхьа, цхьа шайтIанаш вайн Нохчийчохь цкъа а нохчийн ца хилла гIиллакхаш даржон дагахь, халкъаца эвхьазабевлча, тIаккха АхьмадХьаьжас цаьрга а, я вукхаьрга а, я цхьаьнгге а ша шен къам хьийзадойтург цахилар дIахоуьйтуш, оцу хенахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «ВАСТ» газетана интервью а елира… Суна дерриг а дагаоьхура оцу маьIаргонехь. Дерриг а карладуьйлура…
– …Хьоьгара цхьамма а хIумма а схьа ца даьккхина, хьуна мацах и дерриг а диначо, хьо гена вала воьлча, ша делларг хьоьгара схьадаьккхина. Тахана ахь де хьайна. Хьайн гIаланаш юха е, хьайн мотт, хьайн гIиллакхаш юха кхиаде, ярташ меттахIиттае, айхьа юьйцуш йолу школаш болх бан юьйлаялийта. Тахана Дала Шен къинхетам бина вайн халкъах юха а. Вайн махкана дика, къонах, бусалба куьйгалхо велла, цунна гонаха дIахIитта дерриге а, цхьаъ хила, шен доьналла доцург дIагIо, вада, амма кхана суна я кху махкана бIаьрга дуьхьал кхин ма вола… – со суо сайга, цхьацца дагалоьцуш, ладоьгIуш вара, юкъ-кара деден хьехаме, къамел а дара схьахезаш.
– Дада, со ца воьду, цхьанхьа а, – элира ас, хьалагIаьттина, цу чуьра араволуш, ца воьду со цхьанххьа а, цIахь Iийр ву со.
Со сайн дуьххьарлерчу корматаллица хьехархо ма ву, школе балха гIур ву кхана…
Б.МОВСУРОВ
№65, хьаьттан (август) беттан 22 де, 2020 шо