Исторехь бен доцчу халкъашна а, таханлерчу дуьненна а, кхана догӀур долчу денна а вай нохчий хиларца а, вайна Дала белла мохк вайн, нохчийн мохк хиларца а девзина а, девзаш а, девзар долуш а ду вай, Дала мукъ лахь!
Бакъду, лула-куларчу а, вайца совдегараллин зӀенаш лелийначу генарчу а халкъаша, шайн-шайн меттанийн амалшца а догӀуш, тайп-тайпана техкина вайна цӀераш, шайлахь «шишанаш» а, «цацанаш» а, «мичкийцаш» а, «ламурцаш» а, и.дӀ.кх.а цӀераш йолуш.
Иштта, тайп-тайпанчу цӀерашца бевзаш хилла царна вайн мохк а.
Амма, цӀераш хӀора а халкъо вайна а, вайн махкана а тайп-тайпана «тахкарх» а, хийцам боцуш лаьттина цхьа бакъо – буьйцурш, билггал, нохчий а бу, нохчийн мохк а бу. Я шеконе дилла а, я къовса а йиш йолуш хӀума дац иза.
Делахь а, вай мел ша тергалцаярах а, сирлачу кханенна кечамаш а беш, вай тахана мел некъаш дарах а, вайна тӀаьхьара йолуш яц «Ичкери» – ян а йоцуш, амма, тахана а йолуш санна цхьаболчара юьйцуш а йолу «Ичкери».
И дош ши маьӀна долуш ларалуш ду: 1) гӀумкийн маттахь «ич» – юкъ а, «гери» – айделлачу лаьмнашна юккъера майда а; 2) нохчийн маттахь «исс» а, «кера» а.
ЦӀеяхханчу Ӏилманчийн, коьртачу декъана, «Ичкери» дош гӀумкийн дош хилар тӀехь ойла сецна.
Кхузахь билгал ца даьккхича ца долу «Ичкерия» оьрсийн маттахь Нохчмахках олуш хилар, ткъа Нохчмохк, ЧӀебарла а, Теркйист а, МӀайста а, Орстой-Мохк а, и.дӀ.кх.а санна, нохчийн латтанех цхьа дакъа ду.
Юкъаметтехула иза [Ичкери] стенна юьйцу аьлла хетта тарло… Дера юьйцу, тахана а, 2020-чу шарахь, «Ичкери ю тхан пачхьалкх», «Ичкерин Ӏедал» я «Ичкерин бахархой» бохуш, йозанан а, медиан а хабарш даржош, интернета чохь цхьана нехан хьадалчийн белхаш беш адамаш хаалуш долу дела.
ХӀаъ, «Ичкери»-м юьйцу цара, амма цунах баьлла я цо бина цхьа а дика болх-м ца хьахабо… Ма-дарра аьлча, церан хӀумма а олийла а дац, хӀунда аьлча, ала хӀумма а доцу дела. Дац я экономика, я юьртан бахам, я промышленность, я транспортан логистика кхиоран декъехь дина хӀумма а доцу дела… «Исламан пачхьалкх», «Бусалбанийн мохк» бохуш, цхьаболчара оццул язъеш а, хестош а йолчу «Ичкерис», ур-атталла маьждиг а ца динера… цхьа маьждиг а… Я бусалбанийн дин Ӏаморна ца бинера цхьа а аьтто а.
ТӀаккха моттарханаш а, шалхонаш а, харцонаш а ца хуьлу оцу хьокъехь юьйцурш? Я нахана дерриге а дицделла моьтту царна? Я нах Ӏовдал бу моьтту?..
Дера нахана хӀумма а ма ца дицделла… Ца дицделла тахана и къамелаш дечара шаьш а, шайн мохк а селхана луьрачу, къизачу тӀаме кхоссар а, шайн мохк а, шайн хӀора а доьзалан хӀусамаш а оцу тӀамо саьлнашка ерзор а.
Оьший теша тахана, кхин эхь а ца хеташ, нехан шайга ишта а боцу безам цабезаме берзо?
Нахана-м маьрша стигал а, сом-ком яккха белхан меттиг а, чуваха тхов-кӀело а, шайн доьзалшна Ӏилма Ӏамо дешаран хьукматаш а, могашаллина дола дан дарбанцӀенош а, берттахь Далла Ӏибадаташ дан маьждигаш а, оцу массо а беркатана тӀекхача шера некъаш а дезий.
Алийша тӀаккха, тхо харц делахь, оцу охьадагардинчарах хӀун деллера нохчашна «Ичкерис» а, цуьнан куьйгаллехь лаьттинчара а?
Иза а дуьтур вай, шун дала жоп доций хууш…
Кхета, цхьаболчара ала тарло, «оцу Ичкерин дуьхьа дуккха а кӀентий а, йоӀарийн а кхелхина вайн» аьлла.
Къуръанора ца кхелхина «Ичкерин» дуьхьа-м… Нохчийн халкъан а, нохчийн мехкан а дуьхьа а кхелхина-кх… Оцу «Ичкерис» а, цуьнан куьйгалло а нохчашна чубеана тӀом бахьана долуш а кхелхина. Шу ӀадӀийнехь, цхьа а кӀант а, цхьа а йоӀ шен дуьхьа кхалха а ца оьцуш, машарехь а, маршонехь а ехаш ма яра Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а.
Цундела, дехар а, кхайкхам а бу шуьга: Дуьненахь йоккхург кӀеззиг хан бен ца хилча, шаьш бийр болу «дика» болх шаьш бина а ца хилча, Дела а, нохчийн халкъ а къинтӀера а даьккхина, кхана догӀур долчу Эхартана а, цигахь хир болчу барт-хаттамна а кечамаш бахьара аш.
Ткъа хӀара мохк, шуна мел чӀогӀа иза цалаарх а, нохчийн мохк а бу, халкъ нохчийн халкъ а ду. «Ичкери»… Яц! Цхьа а «Ичкери» яц я хир а яц, Дала мукъ лахь!
Ехийла Нохчийчоь! Дехийла нохчийн халкъ!
№76, товбецан (сентябрь) беттан 30 де, 2020 шо