«Кхузаманан хьелашкахь терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал гIуллакхаш дар»

Иштта цIе йолу конкурс дIакхайкхийна Нохчийн Республикин хаамийн а, зорбанан а министерствос.

Регионан шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь болх беш болчу журналистийн аьтто бу оцу конкурсехь дакъалаца.

Конкурс дIайолаелла товбецан (сентябрь) беттан 28-чу дийнахь.

Нохчийчоьнан хаамийн а, зорбанан а министерствехь хаам бина ма-хиллара, заявкаш а, ткъа иштта терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал гIуллакхаш дарехь долу республикин бахархойн жоьпалла а, само а лакхаяккхарна тIехьовсийна йолу зорбанан публикацеш а, телерадиопередачаш а схьаэцар дIахьур ду эсаран (октябрь) беттан 12-гIа де тIекхаччалц.

Конкурсе йолу материалаш а, заявкаш а электронни кху адресца дIаяхьийта: trvsmk@yandex.ru, хIокху билгалонца «Конкурс».

Хь.Саидов
№76, товбецан (сентябрь) беттан 30 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: