Фондо дIахьо къинхетаме гIуллакхаш

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана социальни сетехь йолчу шен агIонехь билгалдаьккхина Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо шен къинхетаме гIуллакхаш хаддаза дIахьош хилар. Фондо гIо дар бахьана долуш, ТIехьаМартан кIоштарчу СемаIашка юьртарчу Бакаев Темирланан аьтто хилла кхечу гIала дарбанаш леладайта ваха. Иза дагца лазар долуш ву.

Иштта, фондо гIо дира Итон-Кхаьлларчу Ангаева Радимина а. Иза тахана Москварчу цхьана больнице охьайиллина, дарбанаш лело. ЗIаьнарийн терапи ян езаш хиллачу Веданан кIоштарчу ЦIе-Веданарчу вахархочун Элиханов Абу-Iийсан а, Гуьмсан кIоштарчу Лаха-Нойбоьрарчу ворхI шо долчу, бIаьргаш лозуш волчу Ясаев Ризванан а хIинца аьтто бу шайна лоьрашка дарба дайта. Царна а ахчанца гIо дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу фондо.

Бахархойн цу тайппана гIолацарна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо баркалла аьлла Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондана. «Ас даггара баркалла боху регионан юкъараллин фондана

Президентана Несин Айманина, мах хадийна ца валлал доккха гIо до Фондо цуьнга хьашто мел йолчунна. Дала къобалдойла ахь деш долу дика гIуллакхаш», – яздина Кадыров Рамзана социальни сетехь.

№76, товбецан (сентябрь) беттан 30 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: