«Со – хьехархо» проект кхочушйийр ю Нохчийчохь

Нохчийн Республикехь товбецан (сентябрь) баттахь дӀайолош а, кхочушйийр йолуш а ю «Со – хьехархо» аьлла йолу проект. И гӀуллакх «Кавказан машарбаран форум» юкъараллин организацин дӀадолорца дахьош ду.

Республикин Берийн искусствийн школийн а, Берийн музыкин школийн а, Берийн исбаьхьаллин школийн а хьехархошна юкъахь похӀма дерш гучубахаран а, царна зеделлачух пайдаэцаран а, церан кхоллараллин агӀонаш кхиоран а, исбаьхьаллин-кхоллараллин тӀегӀа лакхадаккхаран а Ӏалашонца дӀахьош ю проект. Иза кхочушйийр ю В.Татаевн цӀарахчу Нохчийн пачхьалкхан культурин а, искусствон а колледжаца цхьаьна, Нохчийн Республикин культурин министерствон гӀоьнца.

Хьехархойн конкурс искусствон хӀокху дакъошкахула дӀахьур ю: инструментийн искусство; изобразительни искусство; хереографин искусство; театран искусство; декоративниприкладни кхолларалла; вокальни искусство; музыкинтеоретикин дисциплинаш; хорехь йишлакхар.

Конкурсан толамхошна а, дакъалацархошна а совгӀаташ дийр ду.

«Со – хьехархо» аьлла йолу хьехархойн республикин проек

№76, товбецан (сентябрь) беттан 30 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: