ХIокху деношкахь СоьлжаГIалахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана COVID-19 уьнца къийсам латторехула йолчу Кадечу штабан кхеташо дIаяьхьира.

Кадыров Рамзана дийцарехь, республикера эпидемиологин хьал юьззинчу тергонехь ду.
«Вайна ма-хаъара, гуьйренан мур болабаларца дуккха а мехкашкахь коронавирусан шолгIачу тулгIенна кечлуш бу. Нохчийн Республикехь и тайпа кхерам хаабелла бац. Хьал мухха а нислахь а, вайн могашаллаIалашъяран дакъа а, ерриге службаш а кийча ю», – яздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо ВКонтакте социальни сетехь.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, коронавирусца латточу къийсамехь кхиамаш бахархьама массара а шаьш долчохь къахьега дезаш хилар а, царна тIехь доккха жоьпалла хилар а.
«Тахана хьал дика делахь а, Роспотребнадзоран тIедахкарш кхочушдан деза, бахархоша коронавирусан уьнах ларбалархьама дерриге а дан деза – вовшашна юккъера юкъаметтиг ларъярна тIера туьтмIаьжгаш лелорна тIекхаччалц. Къаьсттина зуда ялийначу меттехь, тезетахь, иштта адамаш дукха гуллучу кхечу меттигашкахь ларбала беза уьш. Ас COVID-19 уьнца къийсам латторехула йолчу Кадечу штабан куьйгалхочунна, Нохчийн Республикин Парламентан председательна Даудов Мохьмадна тIедиллина Роспотребнадзоран тIедахкарш кхочушдарна тIехь терго латтор чIагIдар», – яздина республикин Куьйгалхочо.
I.МУРТАЗОВ
№76, товбецан (сентябрь) беттан 30 де, 2020 шо