Нохчийчоьнан хьалхарчу Президентана лерина чемпионат

Нохчийн Республикин спецназан Россин университетехь дIахьош ю Нохчийчоьнан хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна лерина

тактически герз кхийсаран республикин схьайиллина чемпионат. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацис Россин Федерацин къоман гвардин эскарийн федеральни службица цхьаьна дIахьош ю иза. Чемпионатехь дакъалоцуш 40 команда ю, шайна юкъахь 500 гергга эскаргIуллакххо а волуш. Къийсадаларш дIахьур ду эсаран (октябрь) беттан хьалхара де тIекхаччалц.

«Чемпионатехь дакъалоцуш ю ерриге а Россера уггаре а тоьлла подразделенеш. Къийсадаларшна шатайпа итт упражнени кечйина. Чемпионат даздаран хьолехь схьайиллира товбецан (сентябрь) беттан 28-чу дийнахь. Оццу дийнахь къийсадаларш дIадаьхьира йиъ упражнени кхочушъярехь: биатлон, пулемет кхоссар, иччархочун топ кхоссар, карабин кхоссар», – элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун нуцкъаллин блокехула волчу гIоьнчас, Россин къоман гвардин эскарийн федеральни службин Нохчийчохь йолчу урхаллин хьаькаман хьалхарчу заместитела Мартынов Даниила.

Чемпионатан коьрта спонсор ю Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу регионан юкъараллин фонд

№76, товбецан (сентябрь) беттан 30 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: