Арахь йох мел ло а, цIе яларна кхерам алсам болу, хIунда аьлча якъаелла йолчу бецах сиха цIе лета, мох хилахь, иза дIаса а яьржа. Шийлачу дийнахь чохь йохъярхьама электроприбораш лелайо дукхах болчара. Бакъду, царах падаэцаран бакъонаш лар ца йича цIе яларна кхерам бу. Цундела тайпа бохам ца хилийта, хIора денна бохург санна, Нохчийн Республикин МЧС-н белхахоша бахархошца цIарна дуьхьал профилактикин белхаш бо.
Кху деношкахь церан цу тайпа къамел хилира Теркан районерчу бахархошца. Районан бахархошна довзийтира, цIе яларан коьрта бахьанаш. «Статисто вайна гойту дукха хьолахь ц1еялар адам дехачу меттехь нислуш хилар. Хууш ма-хиллара, иштта бохам хуьлу газови а, электрически а прибораша ледара хиларна. Цундела йохъеш йолчу хIора прибораш муха болх бо ю хьажа веза. Республикехь хьанна а бохам хилча, иза вайна массарна а лазам хуьлий дIахIутту. Нохчий барт болуш хилар ду иза. Цундела оха бахархошка доьху цIарах лардалар а, шайна ца хууш дерг хоттуш, дагадовлуш хилар а. ТIаккха вайна цхьа а хIума кхераме хир дацара, вай кийча хир дара муьлххачу а зуламна», – элира №26 йолчу цIеяъйаран гIодаран декъан инспектора Гумадаева Мадинас.
Цул тIаьхьа цо тIетуьйхира цIе латош йолу меттиг цIеношна а, дитташна а мел кIезиг а 50 метр генахь хила езаш хилар. Къаьсттина тидам тIебахийтира и бакъе буц екъа йолчу хенахь ларъян езаш хиларна.
ЦIарна дуьхьал профилактика яран цхьаьнакхетар дерзош бахархошна цIе хIун дича йолу, цIе ца ялийта хIун бахьанаш лело деза дуьйцуш йолу буклеташ дIасайийкъира.
А.АБДУЛАЕВ
шот, 30 май, 2015 шо, № 59