Имамах тешарал алсам долуш дара Россех кхерар

Ма экаме а, хийцалуш а, керчаш а бу-кх халкъан баьччанийн кхоллам! Шайх-Мансур ГIебартара Алда схьавеача, П.Г.Бутковс бечу хаамашца «хьалха хиллачу сий-ларамца а, дог-ойланца а тIе ца ийцира юьртахоша». Алдера юьртда а, мехкадай а кхоьрура оьрсийн эскар цунна тIаьххье кхуза схьакхачарна. Имаме хIинца шаьш ларлург хиларх башха тешаш а бацара уьш. ХIокху юьртахь хилла ца Iаш, Мансурана тIаьхьа хIиттинчарна юкъахь а дуьйладелира резадацарш. Нагахь санна, къехой, хьалха а санна, цунна муьтIахь, цо аьллачунна тIехь хиллехь а, хьоладай а, мехкадай а цу юкъахь тайп-тайпанчу меттигашкара яртийн дай а кхеттера оьрсийн эскарша дуьхьал дIахьочу тIамо шайна доккха зен деш хиларх. Уьш, Мансурана тIаьхьара дIа а бевлла, паччахьан Iедале дехарш дан хIиттира, шайх къинхетам бахьара, бохуш.

1785-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 8-чу дийнахь шаьш Россица доттагIаллехь Iан кийча хиларан хьокъехь хаам бира Алдерчу хьоладайша а, мехкадайша а. Полковнике Савельевга яздинчу кехата тIехь цара чIагIонаш йора шайгара цхьа а зен-зулам дер дац, шаьш хIинцалц а халкъ паччахьан эскаршна тIелетарх юхадеттара, бохуш. Кехат ишттачу дешнашца дерзадора цара: «Нагахь санна тхо хьалха ма-хиллара дитахь, тхо хьалха санна тешаме хир ду Цуьнан Лакхаллина». 1885-чу шеран чаккхенехь ГIизларчу коменданте кехаташ кхечира нохчийн дукхахйолчу ярташкарчу яртийн дайшкара а, хьоладайшкара а, мехкадайшкара а. Цара чIагIонаш йора Россица доттагIаллехь хила, доьхура амалтана шайгара амалтхой дIаэцар. АтагIарчу 500 цIийнан бахархоша чIагIо йира Кавказерчу чIагIонийн зилерчу командованина шайгара кхин зен-зулам дер дац, бохуш.

Ламанхойн ойланаш хийцалуш хилар хааделлачу инарла Потемкина цаьрга юха а кхайкхам бира. «Ас чIагIо йо, – яздора цо, – нагахь санна гIумкийн а, нохчийн а халкъаша, нийсачу некъа тIе а хIиттина, дохко а девлла, адамаш карзахдохуш верг тхан кара схьалахь, царна массо а хIума гечдийр ду, уьш паргIат а дуьтур ду. Иза дийна а волуш тхуна тIевалийначунна кхо эзар сом лур ду, вен а вийна, цуьнан корта тIебеанчунна – пхи бIе сом. Амма и халкъаш дохко ца довлахь, цунна тIаьхьара дIа ца довлахь, зуламхой хIаллакбан ира тарраш а, чIогIа герз а дохьуш со цига кхочур ву».

Мансурана оцу хьолехь тешаме дацара ша винчу махкахь, шен хIусамехь. ХIинца иза оьрсех ларвелла Iаш вацара, шен махкарчу хьолахойх, узданех, ямарт ойла йолчу нахах ларлуш вара. КIезиг бацара Имаман коьртах мах эца лууш берш. Мансурана тешаме хилла буьсуш болчу элашна а, мехкадайшна а тIаьхьадаьлла дара Россин Iедал а, эскарш а. Иштта, полковника Матцена БуруГIалара хаам бора гIебартойн эла Дола лаьцначунна 20 туьма а, 600 аьрша гата я 150 аьрша исхар а лур ду, бохуш. Паччахьан эскарш тIелетар дуй хууш, дукхах болу ламанхой, шайн цIенош дIа а туьйсуш, шайн берриге а бахамаш а, доьзалш а оьций лаьмнашка хьалабоьлхура. Бухабуьсучу божарша эскаршна дуьхьало ян кечамаш бора. Эндерерчу бахархоша юьртана гонаха йоккха саьнгар яьккхира. Алдерчу бахархоша, къеда волчохь цхьаьна а кхетта, Мансурана тIебаха сацам бира. Цунах дагабевлира уьш. Имама цаьрга ницкъаш ларбан беза, собар дан деза, герз охьадилла мегар дац, иза охьадиллахь царах мацца хилла а, (хенан йохалла) кхечу махкара баьхкинчеран лай хир бу, хIу довр ду, элира. Дукхахберш цуьнан къамелах тийшира. Амма хьоладай а, мехкадай а чIогIа резабацара Имамана.

Шайх Мансур церан резадацар сацалур долуш вара. Делахь а, цунна ца лаьара нохчаша вовшийн цIий Iанадойла. Ца лаьара, оьрсашца бан безаш тIом а болуш, нохчий бекъалойла, церан барт бухийла.

Россин эскарш Баксан хи йисте даьхкина лаьтташ а долуш, гIебартоша кхеташо вовшахтуьйхира. Мансур оьгIазвахарна а, цунна мутIахь долу адамаш шайна дуьхьалдовларна а кхоьруш, цигахь гулбелларш бехха Iийра шайна луург даррехь схьа ца олуш. Дукхахболчу элийн дог-ойла евзаш волчу Баматов Мисостас, ша гIебартойн воккхах волу мехкада хиларе терра, паччахьан Iедалан лехам кхочушбан беза, элира. Цо ахархошка дIахьедира дуьхьалонаш яро баккхий бохамаш, зенаш дан тарлуш хилар, оьрсийн тIемалоша Баксан хинна хIинцале тIай тиллина хилар, уьш хих сехьабовла кечлуш хилар. Кхеташонехь виъ стаг хаьржира Россин эскарийн куьйгалхошна тIевахийта. Депутаташа шайца даьхьира паччахье а, эла Потемкине а яздина кехаташ.

1785-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан тIаьххьарчу деношкахь Росси хьовсийра Йоккхачу ГIебартарчу цIеяхханчу веа мехкаден Хамурзин Атожукин, Касав Берсланан, Джанхотов Кайсынан, Темрюков ИсмаьIалан цIарах. Жимачу ГIебартан цIарах Таусултанов Тепсаркъо а, цуьнца цхьаьна узден-капитан Шабасгирей а вахийтира. Эпсарийн командующис инарла Потемкина Петербухе хьовсош болчу ламанхойн депутаташка шен кехат дахьийтира. Цу тIехь цо сийлахьчу эле Потемкине доьхура гIебартойн элех уггаре а муьтIахь болчарна пенсеш хIиттор. ГIебартойн ахчане йолу саьхьаралла евзаш волчу Потемкинна уггаре а бегIийла кеп хетара иза уьш Россигахьа баха. МаслаIат дар юкъадаьккхинчу элана Баматов Мисостина инарлас ша совгIатана жовхIарш тIехь долу пIелгах дуьллу мухIар делира. Иштта, совгIат дахьийтира Эндерерчу мехкадена Муртазалина а. Цуьнца цхьаьна ламанхошна тIелатар дайта, коьртехь полковник Нагель волуш, доккха эскар вовшахтоха сацам бира. Нагельна омра дира, жимма а аьтто балахь, Мансур схьалаца, аьлла.

Керла тIом хуьлуш хьал хилахь юрт йохийна дIайоккхур юй хууш волу Мансур, Алда а йитина, шен стунваша волчу Шела дIавахара. Оцу хенахь цуьнца висинарг ши бIе бIаьхо а, мурид а бен вацара. Шелара цо кехаташ дахьийтира ГIобанал дехьарчу халкъашка а, гIумкашка а. Цо уьш кхойкхура шен эскаре хIиттаре, оьрсийн чIагIонашна тIелатарш даре. Цо юх-юха а олура: «Вайн берриге а бохамаш, ловш болу баланаш Делан оьгIазалла ю, Дала деш долу таIзар ду вайн ийман гIелдаларна, вайн вовшашца барт цахиларна, Пайхамаран суннаташ кхочушцадарна. Самадовла! АллахIан тешаме тIемалой хилий дIахIитта. ТIаккха, шеко йоццуш, толамаш хир бу!».

Хьал меллаша тодала доладелира. Шайх Мансур кхеттера лаьмнашкахь а, хьаннашкахь а буьрса ницкъ болу ламанхойн дошлой аренашца цу тайппа кхиамца тIемаш балуш цахиларх. Цу тIе, Россин тIеман чIагIонашкахь яккхий тоьпаш яра. Делахь-хIета, имаман Iалашо яра оьрсийн эскаршна дуьхьал дIахьочу тIеман дозанаш ницкъ макхоччу шордар, мостагIчун шен эскарш масийтта декъе декъа доьзуьйтуш. Имаман и Iалашо кхочушхила а йолаелира.

1786-чу шеран юьххьехь ерриге а Къилбаседа Кавказ, Каспин хIорда тIера Iаьржачу хIорда тIекхаччалц, гIаттамийн цIергахь яра. Кавказерчу чIагIонийн зилан берриге а бохаллехь долчу карзахечу хьоло инарлапоручикна Потемкинна 1785- чу шеран чаккхенехь таро ца елира Екатериноградехь даздаран хьолехь Кавказера сардалалла схьаелла. Инарлагубернаторна цIа дан а, хьеший тIеэца гIишло ян а леррина охьаехкина хилла уггаре а тоьллачух йолу дечигаш цIе тесна ягийра ламанхоша. Администрацис лахьанан (ноябрь) баттахь ян йолийна гIишлош, мел чIогIа лиъча а, мел баккхий ницкъаш тIебахийтича а 1786-чу шеран кхолламан (январь) баттал хьалха чекхйохийла дацара. Паччахьа Екатерина ШолгIачо сенате динчу тIедилларца Кавказерчу сардалаллина юкъахь хила езаш яра ши область: Кавказан а, Аштаркханан а. Кавказан областана юкъайогIура Екатериноградан, ГIизларан, Мазлакхан, Георгиевскан, Александровскан, Ставрополан уездаш. Аштаркханан областана юкъайогIура Аштаркханан, Енотаевн уездаш а, Саратовн сардалаллех схьакъастийна йолу Чернояран уезд а. Екатериноград гIала губернски хуьлуш яра, Аштаркхне – областан пачхье.

Сардалалла схьаделларца доьзна даздарш 1786-чу шеран кхолламан (январь) беттан 18-чу дийнахь хилира, дакъалоцуш Россера бIе сов а, гIумкийн, гIебартойн, ногIийн шовзткъа сов а эла волуш. Цул тIаьхьа ши де даьлча уездийн элийн куьйгалхой хаьржира. Губернин куьйгалхо хаьржира инарлафельдмаршал, сийлахь эла Потемкин-Таврический. И хилам вон кхаъ бара Шайх Мансурана а, цуьнца болчарна а. Оцо гойтура Росси Кавказехь тIеттIа чIагIлуш хилар. ГIуллакх кхин а кIеззиг дахлахь иза Кавказера араяккха гIертар эрна хир дара. Цунах дика кхетара нохчийн лаьмнашкахь берш хьовха, Истамбулехь берш а.

I.Мусаев, юридически Iилманийн доктор
№76, товбецан (сентябрь) беттан 30 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: