Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдарш Соьлжа-ГIалин денца доьзна

Хьомсара махкахой!

Тахана вай билгалдоккху уггаре а доккхачех цхьаъ долу де – Соьлжа-ГIалин де. Нохчийн Республикин пачхьенан, бIаьхаллин сийлаллин гIалин 202 шо кхечи! Шен къоналлин хене хьаьжна ца Iаш, Соьлжа-ГIалин хьал долуш, турпалаллин истори ю. Цуьнан бахархойн турпалалло, хьуьнаро, майралло, патриотизмо кхоьллина ю иза.

Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болчу хенахь нохчийн халкъан майра кIентий немцойн фашисташна дуьхьал турпалаллица тIемаш беш болчу хенахь, СоьлжаГIалано вайн эскарна фронте ягориг дIайохьуьйтура. Иза мехкадаьттан стратегин туш яра, цо чIогIа новкъарло йора фашизмана шайн ямарт Iалашонаш кхочушъян. Нохчийн пачхье дIаяккха цкъа гIиртина ца Iийра немцой. Амма эскаро а, тылан майрачу къинхьегамхоша а – соьлжагIалахоша кхиаме ца кхачийтира уьш. ТIаккха фашисташа сацам бира, авиаци а гIаттийна, гIала а, цуьнан мехкадаьттан промышленность а хIаллакьян. Юха а соьлжагIалахой а, ткъа иштта, республикера бахархой а, етташ йолчу бомбанашка хьаьжна ца Iаш, мехкадаьтта Iалашдойлашкахь а, мехкадаьттанах гIуллакхдечу заводашкахь а марсаевллачу цIерашна дуьхьал къийсам дIабахьа гIевттира. СоьлжаГIала ларъярхоша, шайн синош дIа а луш, ларйира гIала, фашизмана тIехь боккхуш болу сийлахь-боккха Толам герга а балош.

Керлачу исторехь юха а даккхийчу зерех, инзаречу бохамех чекхъелира СоьлжаГIала. Дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал дIахьочу къийс аман туп хилла дIахIоьттира иза. Россин Президента Путин Владимира гIо а лоцуш, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров АхьмадХьаьжас куьйгалла а деш кагбира вахабизман а, терроризман а букъ. Оцу хенахь хеталора Соьлжа-ГIалин оьмар чекхъяьлла аьлла. Иза лаьттаца дIашарйинера. Цунна шолгIа дахар делларг Ахьмад-Хьаьжа вара. Цо дIахьедира вайн хьоме Соьлжа-ГIала хьалха хиллачу меттехь меттахIоттор ю, аьлла. Йоццачу хенахь Нохчийн Республикин пачхье саьлнех, хьакхлагIех дIа а цIанйина, юха йира нохчийн дерриге а халкъан турпалаллин хьуьнаршца. Тахана Соьлжа-ГIала Россин гIаланашна юкъахь уггаре а хазачех, зазадоккхучех, сиха кхуьуш йолчех цхьаъ ю. Республикин бIеннаш эзарнаш хьеший а, туристаш а шена тIеийзош йолу туш хилла дIахIоьттина Соьлжа-ГIала. Уьш вайн Сийлахь-боккхачу Даймехкан тайп-тайпанчу маьIигашкара хилла а ца Iаш, кхечу мехкашкара а богIу вай долчу.

Нохчийчоьнан пачхье экономикин гайтамашца хьалха хилла Iаш яц. Кхузахь дахар синтеме ду. Болх беш ю стадионаш, кинотеатраш, музейш, театраш. Кесткеста дIахьо дуьненаюкъара турнираш, конференцеш, симпозиумаш. СоьлжаГIала шен дахарца ехаш ю, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дийцинчу дахарца, цунна лууш хиллачу дахарца. Вай кхул тIаьхьа а, дIаса ца таьIаш, цуьнан некъаца дIагIур ду. Тешна ву, вайн кхул тIаьхьа а баккхий кхиамаш хирг хиларх, вай дуккха а яккхий проекташ кхочушйийриг хиларх! Ас ГIалин денца даггара декъалво Соьлжа-ГIалин мэр Хаджимурадов Iийса а, ткъа иштта, нохчийн пачхьенан берриге а бахархой а, хьеший а. Лаьа церан ирс, могашалла, аьтто, вайн гIалин а, вайн Сийлахьбоккхачу Даймехкан – Россин а зовкъан дуьхьа кхиамаш хуьлийла! Дезачу денца!

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: