Хьехархойн денца доьзна

Лараме хьехархой! Ас даггара декъалдо шу корматаллин дезачу денца – Хьехархочун денца! Вайн берийн хиндолчух долу доккха жоьпалла ду шун белшаш тIехь. Жимачохь дуьйна аш цаьргахь хааршка безам кхуллу, уьш Iамадо Даймохк беза, вайн халкъан гIиллакхаш, Iадаташ, ламасташ лара, деза, лело.

Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кIорггера тешна вара дика дешар – вайн халкъан хиндерг кхиаме хирг хиларан закъалт хиларх. Ахьмад-Хьаьжин хьехархошца хилла юкъаметтиг къеггина гойту цуьнан дика девзаш долчу хIокху дешнаша: «Хьехархо ву къам кхуллуш верг». Билггал оцу дешнашца дIадолийра цо дешаран дакъа жигара меттахIоттор, ткъа цо нохчийн халкъ когахIотторна тIе а далийра. АхьмадХьаьжин некъаца нийса дIадахар бахьана долуш тахана Нохчийн Республикехь болх беш 500 гергга школа ю, кхузаманан тоьлла материально-техникин бух болуш. 26 эзар сов хьехархо ву дешаран гIуллакх дика а, кхачаме а хилийтарна кхачоеш.

ДIахьош болчу балхо таро ло оьзда, хьекъале, кхетам болу тIаьхье кхио, цара дакъалоцу республикехь дIахьочу кхиоран гIуллакхашкахь, кхиамца пайдаоьцу шайн таронех, хаарех. Коьртачу декъана, хьехархойн хIора дийнан хьуьнаречу белхан тIаьхье ю иза. Шайн дахар оцу оьздачу, мелехьчу балхана дIаделла цара. Цундела оха леррина тидам тIебохуьйту хьехархойн массо агIор гIолацарна, гIуллакхаш до церан дог-ойла ир-карахIотторехьа, болх бан дог даийтарехьа.

Хьомсара хьехархой, ас даггара баркалла боху шуна аш чолхе а, жоьпалле а болх барна, шун корматаллина, собарна, син коьмаьршаллина, хаьржинчу гIуллакхна тешаме, муьтIахь хиларна. Сайн цIарах а, нохчийн дерриге а халкъан цIарах а лаьа шун ирс, аьтто хуьлийла, шуьга дешархойн сий-ларам хуьлийла, шу дезийла, шух гергарнаш кхетийла, цара шун гIолоцийла!

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: