Шен бакъонаш хIоранна а йовза еза

Тхоьга дахкийтинчу хаттаршна жоьпаш делира Соьлжа-Г1аларчу Ленински районан прокуроран лакхарчу г1оьнчас Степанов Артема.

 

Со бехке волуш йинчу аварехь 3 машен йохийна. Сан ОСАГО-н хан чекхъяьлла цхьа бутт бара. Ас машенаш йохийначу нехан бакъо юй страховой компанешка шайна хилла зен меттах1оттадайта?

Ибрагимов 1айнди, Соьлжа-Г1алин вахархо.

 

Страховой компанешна т1едужуш ду шина машено йиначу аварехь хилла зен меттах1оттор, нагахь церан водителийн граждански жоьпаллин йина страховани хиллехь (пп.б п.1 ст.14.1 ФЗ «Об ОСАГО»). Хьуна т1ехь долчу жоьпаллин йина страховани ца хиларна, хилла зен ахь меттах1отто дезар ду.

 

Шиъ  ах шо хьалха ас машен йоьхкина генеральни тоьшаллица. Машен  соьгара эцначо иза х1инца а учете ца х1оттийна. Цунна мел тухуш  долу г1уда ас токхуш ду. Суьдан пурстоьпаша сан карти т1ера х1инцале 3000 сом сацийна. Х1ун дан деза ас оцу хьолехь?

Цамаев Тимур, Гермачига.

 

Хьайна т1е г1уда ца хьерчадайта, катоьхнна машен учетера д1аяккха еза. Ца яккхахь, кхин а транспортан ял а йоккхур ю хьоьгара. Суьдехула бакъо къийсар эрна ду, машен хьуна т1ехь мел ю.

 

Сан ц1ийндас банкера  300000 сом кредит эцнера машен эца. Цхьана шарахь эха шарахь банкица барт ма-барра, ахча д1аделла оха. Т1аьхьарчу эха шарахь кредит д1адала таро йоцуш дисина (ц1ийнден алапа д1ахадийна, со декретни отпускехь ю). Банко тхан г1уллакх суьде д1алуш ду. Х1ун дича бакъахьа хир дара оха?

 Алиева Зарема, Аргун г1ала.

Ас сайга хаьттича, банке дехар дойтур дара, шайна т1ехь долчу декхарна реструктуризаци яр доьхуш. И бохург, д1алуш долчу ахчанан барам лахбар а, декхар токхуш йолу хан т1етохар а ду.

 

Со ц1енош дан дакъа оьцуш ву.  Г1ишло ян бакъо оцу декъан хьалха хиллачу дена елла ю. И бакъо сайн ц1арна т1е яккхийта х1ун дан деза ас?

Ошкаев Салавди,  Суьйра-Коьрта.

 

Дакъа доладаьккхинчул т1аьхьа, хьалхалерчу дена  цу т1ехь г1ишло ян бакъо еллачу органе ваха веза хьо. Цигахь и бакъо ахь хьайна т1е язъяйта еза.

 

Со ц1ийндеца д1асакъаьстина. Иза Генарчу Малхбалехь 1аш ву. Сайн к1антаца Мисаре яха лууш ю со. Цуьнан пурба доцуш вига мегий ас к1ант?

Берсанова Алина, Соьлжа-Г1ала.

 

«Россин Федерацера араваларан а, чуваран а бакъонаш» аьллачу Законан 20-чу статьяна т1е а доьг1на, ненан бакъо ю ден  пурба а доцуш кхиаза долу бер шеца кхечу пачхьалкхе дига. Нагахь, дас, я нанас  бер Россера арадаккхийта ша реза цахилар хаийтинехь, г1уллакх суьдехула къасто деза.

 

Нагахь суьдо чувоьллина стаг хьалххе араваккха (УДО-условно –досрочное освобождение) сацам бинехь, мел хан юккъе йола еза?

Жабаев Мус, Эвтара

 

РФ УИП-н 173-чу статьян 5-чу декъехь билгалдаьккхина  набахти чохь воллуш волу стаг  хьалххе мукъаваккхар кхочушдо, оьшуш долу кехаташ схьадеанчул т1аьхьа.

Чувоьллинчу стеган хьокъехь  долу  заявлени  теллинчул т1аьхьа, суьдо къастам (определение) кечбо.  РФ УПК-н 391-чу статьяна 2-чу декъана т1е а доьг1на, кассационни декъехь талла йиш йоцуш болу суьдан сацам, я къастам, сихха кхочушбина хила безаш бу. Цундела, суьдо бина къастам тоа беза хан тоьхна чувоьллина стаг набахти чуьра араваккха.

 шот, 30 май, 2015 шо, № 59

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: