Хьомсара махкахой!
Декъалдо шу рузманехь уггаре а ладаме долчу денойх цхьаъ долчу Нохчийн кегийройн денца! Билггал кегийрхой бу къоман кхане кхуллуш берш. Къоман юьхь ю кегийрхой. Кегийрхойн кхиамаша тайп-тайпанчу дакъошкахь йолчу керлачу а, майрачу а кхоллараллин идейша гIо до мохк комплексехь кхиорна, билгалдоху пачхьалкх хьалхахьа яхаран коьрта некъаш. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас доккхачу маьIне лорура кегийрхойн политикин гIуллакхаш. Могаш а, кхиаме а йолу къона тIаьхье кхиорхьама уггаре а хьалха дешаран дакъа, культура, спорт меттахIотто езаш хилар чIагIдора цо. Ахьмад-Хьаьжас дагалаьцнарг, цуьнан нийаташ кхочушдаро таро елира вайна шайн таронаш гайта кегийрхошна уггаре а дика хьелаш кхолла. Тахана Нохчийн Республикехь вуно дика, исбаьхьа къона тIаьхье кхиъна. Цара къеггина, турпалаллин гIуллакхаш до. Мехкан политикин а, юкъараллин а дахаран хьалхарчу зилехь бу уьш. Вайн регионан къоначу векалша Россин байракхан юьхь йойту дуьненаюкъарчу спортан къийсадаларшкахь, дашо а, дато а мидалш йоху Россин, Европин, Дуьненан чемпионаташкахь, Олимпиадин ловзарш- кахь. Цара жигара дакъалоцу Iилманан а, дешаран а конференцешкахь.
Нохчийн Республикехь кхиамца кхочушдеш ду тIекхуьуш йолу тIаьхье ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхетош-кхиоран дуккха а гIуллакхаш. Вай кхул тIаьхьа а гIолоцур ду тIекхуьуш йолчу тIаьхьенан, хьелаш кхуллур ду хIора жимачу стаге шайн кхоллараллин, Iилманан, корматаллин таронех буьззина пайдаэцийта, республикин а, вайн Сийлахь-боккхачу Даймехкан – Россин юкъараллин-политикин дахарехь жигара дакъалацийта а.
Ас даггара декъалдо шу дезачу денца! Лаьа махкана мехала долу декхарш кхочушдарехь аш шайгара мехала дIадолораш а, хьуьнарш а гойтийла. Ирс, аьтто хуьлда шун! Маьршачу а, зазадоккхучу а Россехь кхиаме а, беркате а дахар хуьлда шун