Кхунах тарбала гIерта дешархой

Хьехархочун корматалле беран, дешархочун, студентан безам бохуьйтуш верг хьехархо ву. Шен леларца, оьздангаллица, цIеналлица, хьекъалца марзо кхуллу цо оцу говзалле. Цуьнга ла а дегIна, цIа дахана бер, шен хьехархочух тарлуш, шел кегийчу берашна дарс хьеха хIутту. Бераш «парти» тIехь нийса охьаховша Iамадо…

Иштта, шех масал эца хьакъ волу (я йолу) хьехархо вайх хIораннан а хилла. Хилла иза Маликин а, Шела шахьарарчу №1 йолчу юккъерчу школехь доьшуш йолуш. Цул тIаьхьа ткъе итт шо гергга хан яьллехь а, тахана а цуьнан иэсехь карладуьйлу шена нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш хиллачу Эпендиева Табарика, дешар Iаморца цхьаьна, нанас шен берана санна, дина хьехарш. «ЭхI, ма хаза буьйцура цо ненан мотт. ХIора а дош жовхIар дар-кха. Оцу жовхIаршца Iилманан хьаьрмах ирс эца Iамадора цо тхо. Диканиг (дешархо) хаставора, кхечаьрга цунах масал эцийта дош олуш. Харцахьа леларг (и саннарг а нислора) кхетавора, цунна эхь хоьтуьйтуш…», – дуьйцу хIинца Тарамова Маликас.

Денна цунна хьалха хуьйшуш, цуьнга ладоьгIуш йолчу кхуьнгахь а кхоллаелира хьехархо хила ойла. И ойла шо-шаре чIагIлуш яра. Хьехархочух Iама, цуьнан амалш схьаэца, леларца, хабарца ша цунах таръяла лууш хилар тосаделира цунна. Тосаделча дохко а ца елира. «Ша хилахь и санна хила еза хьехархо», – бохург а дагадогIура.

Сиха хьоьду зама. Малика а школа чекхъяьккхина елира. Амма, школин Iодика йина, цунах дIакъаста лууш яцара йоI. «Со школе юхайогIур ю. Сох хьехархо хир ю», – бохура цуьнан даго. Делахь а, даго бохург а, дахаро гойту, дуьхьал етта халонаш а цхьана ца догIура. ХIара школехь дешна 1994-чу шарахь елира. Нохчийчохь политикин кIуркIманин дарц гIаьттина, дешарна, Iилманна Iедалехь бу бохучара букъ тоьхна мур бара иза. Маьрша дацара вахар-вар. Герзаш эвхьаздаьхнера. ТIеман къахь хаалора. Оцу хьелашакахь деша яхар хьехочохь дацара. ЙоIа-м муххале а. Малика а ца хIоьттира хьехархо хила Iама деша яха. Сатоха дезара. Меллалц? Иза кхунна ца хаьара. Цхьанна а ца хаьара. Оцу шеран чаккхенехь Нохчийчохь къиза тIом болабелира. Иза иттех шаре белира, дIа ца боьрзуш. Эххар а, Нохчийчоьнан Куьйгалле Кадыров Ахьмад-Хьаьжа веача, маршонан малх кхийтира Нохчийчохь. Оццул наха сатийсина маьрша дахар заза хеца доладелира. Болх бан юьйлаелира школаш, институташ. Тарамова Малика, шен кехаташ вовшах а тоьхна, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте деша яхара 2004-чу шарахь, тIеэцаран экзаменаш кхиамца дIа а елла. Цо хаьржинарг юьхьанцарчу дешаран педагогикин а, методикин а факультет яра. Иза харжар ларамаза а дацара. Юьхьанцарчу классашкахь кхоллалуш бу дешархочуьнгахь дешаре болу безам, оцу шерашкахь долуш ду дешарх дог а. И ший а агIо хьехархочун корматаллех йозуш а ю. Цунах дика кхеттера Малика. Оццу 2004-чу шарахь ша хьалха дешначу школе балха а хIоьттира иза, юьхьанцарчу классашкарчу берашна дешар а, дахаран Iилма а Iамо. 2007-чу шарахь институт чекхъяьккхинчул тIаьхьа а исс шарахь юьхьанцарчу классашкарчу берашна хьийхира цо, церан кхиамех йоккха а еш, уьш керлачу хааршка а буьгуш, царна нохчийн мотт а, халкъан гIиллакхаш а марздеш. Дешархошна шайн шолгIа нана таръеллера Маликех. Цара шайна хилла цатам а буьйцура, шайн хазахетар а доькъура. Уьш шайн хьехархочух озалуш бацара, иза лоруш а, езаш а бара. Урам-новкъахь дуьхьал кхетча, шайн гергарчунна санна маракхетара хьехархочунна. Суна хетарехь, хьехархочун белхан уггаре а лакхара мах хадор ду дешархошна иза езаш, лоруш хилар, уьш цунах масал оьцуш, цунах Iама лууш хилар. Цу тайппана мах хадош хилла Маликин иза болх бан йолаелчахьана дуьйна а.

Дика хьехархо дешархойн дай-нанойн а, хьаькамийн а тидамза ца вуьсу. И бакъдерг тIечIагIдира Тарамова Маликин дахарехь нисделлачо а. 2017-чу шеран чиллин (февраль) баттахь Шелан кIоштан дешаран урхаллин куьйгалхоша Тарамова Маликина тIедиллира №9 йолчу школин директоран декхарш кхочушдар. ХIетахь дуьйна оцу даржехь кхиамца болх беш ю говза хьехархо хилла юьсуш йолу иза.

Школехь цхьа эзар сов бер ду доьшуш. Уьш схьабахкале массо класса чу, кабинета чу кхача хьожу директор. Дерриге а до церан дешар дика дIадахийтархьама, царна деша бегIийла хьелаш хилийтархьама. Массо а бер шениг санна дукха дезаш хиларна деш ду цо и дерриге а. Олуш ма-хиллара, шен балхана чу садиллина ю иза. Цхьаверг хуьлу-кх балхара шен гIуллакхна юкъахвуьйлуш. Ткъа Малика болх бахьанехь шен гIуллакхаш юкъадуьтучарах ю.

Дешаран хIокху шарахь шен белхан декхарш алсамдевлла, жоьпалла кхин а лакхадаьлла аьлла хеташ ю М.Тарамова. «Иза уггаре а хьалха доьзна ду юьхьанцарчу классашкарчу берашна школехь маьхза бовха кхача баларан дика гIуллакх юкъадалийна хиларца а, дIадаханчу дешаран шарахь, коронавирусан ун даржар бахьана долуш, дан лерина хиллачух цхьадерг кхочушдаза дисина хиларна хIокху шарахь кхочуш ца дича ца долуш хиларца а», – бохура директора.

Цо аьллачо гойту Тарамова Малика шен балхахь керлачу кхиамашка кхача, дешаран хьелаш заманан лехамашца догIуш хилийта ойла йолуш хилар. Шеко йоццуш иза ша билгалйинчу лакхенашка кхочур ю, кхул хьалха а санна. Цу тIехь цуьнан дика накъостий, гIоьнчий бу кIоштан дешаран урхаллин векалш. Хьаххийначуьра аьлча, Шела гIалин администрацис а, мэрис а, кIоштан дешаран урхалло а хьокъала боллу мах хадийна цо хьанал бечу белхан. Цунна дукхазза а совгIаташ дина Сийлаллин грамоташца, Баркаллин кехаташца. Цунах Маликас дозалла а до. Амма цунна уггаре а мехала совгIат хета дешархоша а, церан дайнаноша а шена даггара олуш долу баркалла.

  С.Хасанов.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: