МахкатӀехь дӀаяьхьира диспансеризаци

Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон мобильни госпиталь ламанца йолчу Веданан кӀоштарчу МахкатӀе кхечира меттигерчу бахархошна юкъахь (баккхийчарна а, берашна а) планан диспансеризаци дӀаяхьаран Ӏалашонца.

Н о х ч и й н Р е с п у б л и к и н могашаллаӀалашъяран министерствон пресс-службо бечу хаамашца, товбецан (сентябрь) беттан 26–27-гӀий денош мекъа дара аьлла ца Ӏаш, Соьлжа-ГӀалин медицинин тайп-тайпанчу учрежденешкара говзанчаш шайна тӀедехкина декхарш кхочушдеш, Веданан кӀоштарчу МахкатӀерчу а, цунна гуонахара ярташкарчу а бахархойн могашаллин хьал толлуш бара.

– Цхьана дийнахь диспансеризацех чекхваьлларг 300 стаг вара. Царна юкъахь 200 воккханиг а, 100 бер а дара, – билгалдоккху министра Э.Сулеймановс инстаграмерчу шен агӀонехь.

Диспансеризаци дӀаяхьар мехала гӀуллакх ду. Цамгар кӀаргъелла, дарба ца далучу хьоле кхачале иза къаръян аьтто хуьлу диспансеризаци шен хеннахь йойтуш хилча.

Республикехь карантинан низам дӀадаьлча меттахIоттийна, рузманан планаца дӀахьош ду республикин лаьмнашца а, тӀекхача гена долчу а кӀоштийн бахархошна ь диспансеризаци яр.

З.ЭЛЬДАРОВА
Суьрта тӀехь: МахкатӀехь диспансеризаци дӀаяхьар

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: