Чимаев Хьамзатан – рогIера латар

Нохчийн Республикин вахархо Чимаев Хьамзат турниран коьртачу кардехь дакъалоцуш хир ву аьлла хаам бина UFC-н куьйгалхочо Уайт Данас.

Хьамзатана дуьхьал леташ хир волчу къийсамхочун цIе хIинца а билгалл хууш яц, амма организацин рейтинга юкъара латархо хир волуш ву иза. Дагадоуьйту, Хь.Чимаевс 66 денна юкъахь кхоъ толам а боккхуш, UFC-хула рекорд хIоттийна хилар. Миршерт Джеральдца шен тIаьххьара хиллачу латарехь вайн махкахочо шех леташ хилларг нокауте а вохуьйтуш, 17 секундехь дIадерзийра латар. И бахьана долуш, цуьнан рогIера латар UFC рейтингехь 6-чу меттехь волчу Майя Дэмианца дIадахьа мегаш ду.

Хьамзат, шен хиллачу 9 латарехь, 9 толам баьккхина ву. UFC-н куьйгалхочо билгалдаьккхира ша Чимаевна къаьсттина тидам тIебохуьйтуш хилар.

МАГОМАЕВ Хан-Мохьмад

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: