Багаев Дэги

ен

Боккха  иэшам хилла  нохчийн спортана а, дерриге  нохчийн къомана а – кхелхина СССР-н хьакъволу тренер, Нохчийн Республикин физически культурин хьакъволу  белхахо Багаев Дэги.

Иза  вина 1942-чу шеран  май   беттан  27-чу  дийнахь   Шуьйтан   районан Хьорсане  юьртахь.  Дешна   Москвахь   тренерийн  Лаккхарчу  курсашкахь.

Спорте веара  шен 15 шо  долуш Казахстанехь.  1960-чу  шарахь   паргIатчу   кепара  охьатохархлатарехула  СССР-н   спортан   мастер хилира.  1964-чу  шарахь  СССР-н   чемпионатехь   толаман  меттиг   яьккхира,  мехкан  вовшахтоьхначу  команди  юкъа а  вахийтира. 1965-чу  шарахь  дуьйна  тренеран  балхахь   вара.  Цо кхиийна   150  сов  спортан  мастер, царах  20 сов   спортан  дуьненаюкъарчу   классан  мастер а, 5   СССР-н   спортан  хьакъволу  мастер а  волуш. Цо Iамийначарах  ву  дуьненан а, Европин а   чемпион   Бисултанов   Асламбек,  дуьненан  чемпион  Орцуев Хьасан,  доьазза дуьненан чемпион  Хасимиков  Салман,  дуьненан  чемпион,  Сеулехь  хиллачу   Олимпийски ловзаршкахь  дато  мидал   яьккхина Вараев  Iадлан, Европин чемпион  Магомадов  Тарам,  Россин чемпион  Музыкашвили  Александр,  дуккха а кхиберш.

Нийсса аьлча, Нохчийчохь спортан охьатохархлатаран кеп  яржийнарг а, кхиийнарг  а вара Дэги. Шен мах хадийна ца валлал дукха къахьегна цо оцу  декъехь. Дерриге дуьненахь а Нохчийчоьнан сий  айъира нохчийн хьуьнаречу  спортсменаша. Д.Багаевс Iамийна дуккха а спортсменаш, шайх тренерш хилла,  цуьнан гIуллакх кхиамца  дIакхоьхьуш бу тахана а.

Нохчашлахь   дуьххьара  «Россин   хьакъволу  тренер»  (1970 шо), «СССР-н хьакъволу  тренер»  (1977 шо) сийлаллин   цIерш   еллера цунна.

Иштта цунна совгIат динера Къинхьегаман ЦIечу Байракхан орденца а, Охьатохархлатаран дуьненаюкъарчу федерацин лерринчу совг1атца а, иттаннаш дипломашца, сийлаллин грамоташца. Спортан дуьненахь шен ц1е дика евзаш, спортан воккха говзанча а, сий-лараме тренер а вара Дэги.

Нохчийн къонахчуьнгахь хила йогIу  адамаллин ерриге а  амалш шеца  йолуш а  вара: шен къам, мохк безар; яхь, доьналла хилар; дош лардеш, тешаме  хилар.

Нохчийн спортан исторехь даима яха юьсур ю Багаев Дэгин ц1е,  Дала гечдойла  цунна, Дала ийман  долу собар лойла  цуьнан доьзалшна а, гергарчарна а.

Накъостийн тоба

шот, 30 май, 2015 шо, № 59

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: