Нохчийн Ре спубликин культурин министерствон дӀадолорца дӀахьош йолчу хӀорашеран «Библиотекина книга луо» ламасталлин акци Шела шахьара а кхечира. Товбецан (сентябрь) беттан 21-чу дийнахь

Шелан кӀоштан Культурин цӀенна хьалха даздаран хьолехь дӀадаьхьира книгаш вовшахтохарна леринчу акцин хьалхара де. КӀоштан куьйгалла а юьстах ца Ӏийра оцу гӀуллакхна. Акцин лараме хьеший бара Шелан кӀоштан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Ӏела а, Культурин министерствон искусствон а, социальникультурин белхан а департаментан директор Хасуева Зулай а, А.Айдамировн цӀарахчу республикин Къоман библиотекин директор Исраилова Сацита а. Ларамечу хьешашка а, гӀалин бахархошка а, акцин дакъалацархошка а маршаллин дош элира Шелан кӀоштан культурин урхаллин хьаькама Баргишев Ӏадлана а, Шелан кӀоштан цхьаьнатоьхначу библиотекин системин заведующис Эльдарова Разета а. Книгаш гулъяран акци самукъане ерзийра Шелан кӀоштан культурин цӀийнан къоначу артисташа гайтинчу концерто. Книгин мехаллах а, книга совгӀатана яларан хазачу гӀиллакхах а лаьцна дийцира библиотекарша.
Хаза той санна дӀахьочу акцех баккхийбеш бара цига нисбелла бахархой а. И гӀуллакх царна дезаделла хилар а дог ойуш дара. Акцех дерг хезна богӀучу наха а книгаш йохьура, ишшта шолгӀачу, кхоалгӀачу деношкахь а схьакхоьхьуш яра бераша а, церан наноша а книгаш. Лелийна йоцурш а, эцна керла книгаш йохьуш богӀу нах а бара царна юкъахь. Шелан кӀоштан библиотекин заведующис Эльдарова Разета дийцарехь цхьана дийнахь еанарг 4 эзар 640 книга яра. Уьш дукха хаза кечйина гуш а яра. Луларчу ярташкарчу школийн дешархой а, хьехархой а бара оцу мелехьчу гӀуллакхехь дакъалоцуш. Ала деза, дика гӀуллакх дӀадолийча яхье бовлу вайн нах. Библиотекин фонд тӀеюзар хилла ца Ӏаш, книга ешаран а, книгаш совгӀатана яларан а хаза гӀиллакхаш карладехира акцино.
З.ЯХЪЯЕВА