Путин Владимира винчу денца декъалвира Кадыров Рамзан

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан вина де билгалдаьккхира эсаран (октябрь)
беттан 5-чу дийнахь. Цуьнца доьзна Россин Президента Путин Владимира телефонехула декъалвира Нохчийн
Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, ткъа Соьлжа-ГIалин бахархой декъалбира ГIалин денца.

«Тахана вай цхьаьнакхетта хиларх а, дешарца доьзна долу гIуллакхаш дийцаре деш хиларх а пайда а оьцуш, суна Соьлжа-ГIалин берриге а бахархой декъалбан лаьа ГIалин денца, лаьа царна дика мел дерг хуьлийла, церан кхиамаш, тахана чIогIа мехала йолу могашалла, аьтто хуьлийла», – элира Путин Владимира хьехархойн вузийн хьехархошца а, студенташца а онлайн рожехь хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Цигахь а, дерриге а дуьненна а хезаш, Россин Президента В.Путина винчу денца а, ГIалин денца а декъалвира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

И декъалдар даггара хазахетарца тIеэцна Нохчийчоьнан берриге а бахархоша.
С.Хасанов

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: