ХIокху беттан 5-чу дийнахь Нохчийн Республикехь билгалдаьккхира масех дезде: СоьлжаГIалин де а, Хьехархочун де а, Кегийрхойн де а. Кху шарахь 202 кхаьчна вайн республикин пачхьенан. Дезачу денца доьзна республикин пачхьенехь схьайиллира социальни маьIне йолу цхьамогIа керла объекташ. «Вайн пачхьенехь дуккха а керла объекташ схьаелларан де хилла дIахIоьттина таханлераниг. Соьлжа-ГIалин денна совгIат деш, схьадиллина керла некъаш, тIайш, Iер-дахаран комплексаш», – яздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «ВКонтакте» социальни сетерчу шен агIонехь. Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIоштахь даздаран хьолехь схьайиллира 22 цIийнах лаьтташ йолу цIенойн куп а, 96 петарх лаьтташ долу керла дукхапетарийн ши цIа а. Мероприятехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Правительствон председатель Хучиев Муслим, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а администрацин куьйгалхо Закриев ИбрахIим, Соьлжа-ГIалин мэр Хаджимурадов Iийса, кхиберш.

Кадыров Рамзана дийцарехь, Iер-дахарна бегIийла долу и цIенош дина «Нохчийн Республикин токхамаш хуьлучу меттигашкахь бехаш болу бахархой кхечу метте кхалхор» подпрограммин гурашкахь. Керлачу хIусамаш чуваха аьтто хилла, хьалха токхамаш хуьлучохь вехаш хиллачу 181стеган. Верриге а, 2019-чу шарахь дуьйна, таханлерчу дийне кхаччалц, кхечу метте кхалхийна 2 500 сов стаг.
Цул сов, хIокху деношкахь Шелковски кIоштахь схьадиллира 114 доьзална лерина диъ дукхапетарийн цIа а, школа а, 140 берана меттиг йолу берийн беш а. Гуьмсе гIалахь схьадиллира 600 стагана лерина долу Маьлхиш-Хьаьжин цIарах долу маьждиг а, 720 меттигана керла школа а. Гуьмсан кIоштан Дарбанхи юьртахь схьайиллира 140 берана меттиг йолу берийн беш а. ТIехьа-Мартан кIоштарчу Закан-Юьртахь а, Шелковски кIоштарчу Шелкозаводски юьртахь а, тодинчул тIаьхьа, схьадиллира шиъ Культурин цIа. Курчалой гIалахь схьайиллира керла автостанци а, I40 берана меттиг йолу берийн беш а.
Грозненски кIоштарчу Iалхан-ГIалахь схьадиллира дукхапетарийн цхьа цIа. Соьлжа-ГIаларчу Дешаран туьшахь схьайиллира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах музей, ткъа Устрада-ГIалахь схьайиллира 140 берана меттиг йолу кхин цхьа берийн беш. Тобинчул тIаьхьа, схьабиллира «Ищерски – СоьлжаГIала» автомобилийн некъа тIера Эна-Хишка боьдуш болу некъ. Цигахь дакъалоцуш вара Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Правительствон председатель Хучиев Муслим, вице-премьер, Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министр Тумхаджиев Абубакар, Нохчийн Республикин транспортан а, зIенан а министр Черхигов Рамзан.
М.Хучиевс дийцарехь, и некъ, транспортан зIе кхиорехь чIогIа маьIне бу, хIунда аьлча цо цхьаьнатуху Р-217 Кавказ федеральни некъ а, Ищерски – Соьлжа-ГIала некъ а. Иштта, тобина, схьабиллира Соьлжа-ГIалара 4,I1 километр йохалла йолу Индустриальни урам а, 1,18 километр йохалла йолу Назарбаевн урам а.
Республикин пачхьенехь схьадиллира I.Мамакаевн а, Химзаводски а урамашкахь долу Соьлжа хи тIехула техкина тIайш.
Даздаран хьолехь схьайиллира Устрада-ГIала йолчу агIорхьара Соьлжа-ГIала чувогIучохь йолу нартол. Тойинчул тIаьхьа, СоьлжаГIалин Ленински кIоштахь схьайиллира библиотека (пачхьенан Юкъарчу библиотекийн системин ялхалгIа филиал). Библиотекехь хIинца книгаш дIайохкийла а, шиъ берийн отдел а, ешаран зал а ю. Веданахь, тойина, схьайиллина культурин а, садаIаран а парк.
Соьлжа-ГIалин денна лерина Миллионщиковн цIарахчу Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан маьхкадаьттантехникин университетан стадионехь дIаяьхьира регбихула йолу схьайиллина III-гIа турнир. Цигахь дакъалецира республикин лакхарчу дешаран заведенешкахь доьшучара. Нохчийн пачхьалкхан университетан студенташа оцу дезачу деношна лерина дIаяьхьира концертан программа а, студентийн ярмарка а.
Су ь й р а н н а , Со ь л ж а — Г I а л а р ч у Д а з д а р и й н ц I и й н е х ь д I а я ь х ь и р а Соьлжа-ГIалин 202 шо кхачарна лерина концерт. Даздарш дерзийра шатлакхаш кхийсарца.
I.МУРТАЗОВ