Бераллехь дуьйна хьанал-хьарам къасто а, хьанал рицкъа доккхуш ваха а Iемина Дагестанан коьртачу шахьарца ХIинжа-ГIалица (Махачкалаца) йозучу Керлачу Хушетан вахархо ву Асхабов Сагит.
Кхин даккхий рицкъанаш а, генара бахам гулбан а аьттонаш кхуллу корматалла а яц цуьнан – Сагит парикмахер ву. Доьзал хене баккха а, кху тIаьхьарчу шерашкахь хилла шен син лаам кхочушбан а таро хилла цуьнан и бIаьрла ца хета корматалла бахьанехь. Шен белхан меттигана гена йоццуш, цо ша ма-баххара, «бIаьргаIуналла кхочур доллучохь»,– шен бусалба вешина Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина хIоллам хIоттийна цо. Нагахь доьзал хене баккхар доьзалан дас кхочушдан дезаш декхар делахь, Сагита дина шолгIа гIуллакх, вайн кхетамехь, юкъараллин я Iедалан гIуллакх ду аьлла хета, амма цунах а шен ойланаш ю Сагитан: – Ахьмад-Хьаьжина лерина хIоллам хIоттон сан ойла кхоллаелла дикка хан яра, – дуьйцу цо, – делахь а хIора дийнахь ян езачу харжаша ма моьтту и гIуллакх тIаьхьахьалха ца доккхуьйтуш мелла а хан елира. Бакъду, и лаам бицбелла хан ца йогIура. Цундела шозза а гIенах гира суна Ахьмад-Хьаьжа (Дала декъалвойла иза). «Са ма гатде, Сагит, дерриге а дIанислур ду», – аьлла сан белшах куьг туьйхира цо. Нис а делира. Мархийн баттахь волавелира со и болх бан. Меттиг а Дала нисйира. ХIинжа-ГIалара Каспийске боьдучу некъа тIехула хIора дийнахь машенашкахь, цIерпошта тIехь эзарнаш адамаш чекхдовлу. Хийла соцу хIолламна хьалха, хийла ойлане волу. Ламанан тархах баьлла хIара башха тIулг шина вашас Мухьаммадий, Iалиханий белира суна, цу шимма гIо дира суна шагатIулга тIехь АхьмадХьаьжин сурт дилла а, йоза яздан а. Дела реза хуьлда царна! Муьлхачу ломах схьаяьлла хIара тарх, маса эзар шарахь кхиъна, хьанна йоьгIна хилла Дела Ша воцчунна хаа йиш йолуш дац. Амма цунна кхузахь доьгIна латта хилла хилар гуш ду. Баккъал а мокхазах тера ондда хIоллам хьакъ болуш стаг вара Ахьмад-Хьаьжа. Сайн дог ма лаьтта иза нисдаларх воккхаве со.
Сагита дуьйцучуьнга ладоьгIуш, тайп-тайпана ойланаш кхоллало коьртехь. Кхеташ ду, Нохчийчохь, шен Даймахкахь, иштта хIоллам оцу башхачу стагана хIоттор, ткъа луларчу Дагестанехь, цу тIе могIарерчу вахархочо шен харжах хIоттор? Вайна цадевзарг девза-те оцу стагана, я цагург го-те? ХIун ду-те цо юьхьарлаьцнарг? – ХIунда хаьржира ас Ахьмад-Хьаьжа? – хотту Сагита, тIаккха дуьйцу:
-Нохчийчохь хьовха, ерриге а Россехь а юкъаяьллачу терроризман, экстремизман хьолана дуьхьалбевллачарах хьалхарниг вара иза. Цунна дика евзара церан «чутухург», бевзара цара бохьу «машар, дин», гора оцу саьрмикаша толам баккхахь нохчийн махках, къомах хьовха, ерриге а Къилбаседа Кавказах а, цуьнан къаьмнех а хиндерг. Кханенан хьесап дан Дала шена белла кхетам, похIма долуш Iеламстаг вара иза. Цул сов, Дагестанан бусалбанашна дукхабезачу, ларамечу Iеламнахаца шайх СайдАфандица, муфтица Абубакаров Сайд-Мухьаммадца, Рамазанов КъурмухьаммадХьаьжица гергарло лелош, уьш лоруш, царна тIевогIуш вара иза. Суна сайна гина а ду иза. Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча, Дагестане тайптайпана бевзаш боцу эмиссараш эха буьйлабелира, динах лаьцна цхьацца хьехамаш беш. Царна дуьхьалваьлларг а вара Ахьмад-Хьаьжа: «Дагестанехь Iилма а ду, Iеламнах а бу, шарI а ду. Ца оьшу цига гIерта! Дагестанхой вайн вежарий бу. Царах Iемина вай динна а, ламазна а!», – цо баьхна и дешнаш хезна ву со. Вай хила а ма хилла даима вежараллийн гергарло лелош. Делан Элчано (I.с.в.с.) а ма баьхна: «Бос, къам къестош верг сан умматах вац». Далла гуш долуш, суна а бен-бешха вац нохчи, гIалгIа, жIайхо, коьртаниг, шахIадат далийна, бусалба хилар а, къилбехьа вирзина ламаз деш хилар а ду. Сан кхетамехь, диканиг дан, дикачун декъаваха декхарийлахь ву бусалба стаг. Суна даима а дагахь лаьтта, гена заманаш хьалха, ИбрахIим Пайхамар (Делера салам хуьлда цунна), цIерга кхоьссина, вагочу хенахь, багахь хи кхехьна зингата. Оцу жимачу сагалмато лелочун тидам бина хилла цIерга кхоьссинчо. Цо хаьттина зингате: «Ахь хIун леладо? Ахь багахь деанчу хино йойъур ма яц хIара цIе». Зингато жоп делла боху: «Кхана догIур долчу Къематан дийнахь, Далла хьалха, сан ницкъ боллучул гIо дина ас, аьлла дан тоьшалла хир ду сан». Цунна а дайна, сайн ницкъ боллучул, сайн нийят кхочушдан гIерташ къахьегна ас». Ке р л а ч у Ху ш е т е р а хIоллам схьабиллира 2014- чу шеран эсаран (октябрь) беттан 5-чу дийнахь, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Ахьмад-Хьаьжин кIант Рамзан винчу дийнахь. И ши хилам цу дийнахь нисбалар, шен бусалба вешина совгIат дарал сов, Дагестанерчу бусалбанашкара нохчийн умматна а, нохчийн жамаIатна а совгIат дар лору Сагита.
– ХIолламна бух билла фарз мархийн баттахь волавелира со, – дуьйцу кхидIа а Сагита, – дуьххьара накъостий кIезиг бара сан. Ас хIун леладо хьажархьама, тIебогIий, цхьацца хаттарш дой, дIабоьлхурш алсам хуьлура. ТIедогIуш совнаха рицкъ а доццушехь, кхуо хIун леладо бохуш, со коьртана дика воцуш хетарш а хилла хир бу. Амма сан дагца дина нийят дара тIаьхьарчу тIахьенна и доьналла долу стаг вовзийта, цуьнан цIе халкъалахь яхийта суо охIла верг дан. Ала деза, сох кхетарш а карабора. ХIолламна цхьацца гIирс оьцуш, ас стенна оьцу хиъча, лахарчу мехах лурш а, дика дош олурш а карабора. Асхабов Сагитан дика гIуллакхаш цу тIехь чекхдовлуш дац. Стохка марха достучу дийнахь, шайн юьртарчу маьждигана хьалхарчу майданахь а хIоттийра цо иштта хIоллам. Цу хIолламна тIерачу иэсан у тIехь ю динан верасаш хиларна, мостагIаша хIаллакбинчу Iалимийн цIераш: шайх Сайд-Афандин, Абубакаров Сайд-Мухьаммадан, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин, Рамазанов Къурмухьаммад-Хьаьжин, Тагаев Ахьмадан, Алишаев Iабдуллин, иштта кхечеран а. «АллахI Делан некъа тIехь кхелхинарш белла бу ма мотта. ХIан-хIа, уьш дийна бу, уьш АллахIца бу, Дала совгIат диначарах бу!», – Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIолламна тIехь доллу дешнаш ду цу тIехь а дIаяздина. – Соьга хаьттича, хIора а маьждигехь дан дезаш гIуллакх ду иза, – боху Сагита. – Хийла кегийрхой, кхиазхой совцу оцу цIерашна хьалха, хотту царах лаьцна. Къоначарна уьш бовза лаарх воккхавеш, дог ловзадуьйлуш, гид хуьлий, царна оцу баккхийчу Iеламнахах лаьцна дуьйцу ас. Цул сов, оцу Iеламнехан жайнаш, тептарш а ло ас кегийрхошна: «Дешийша, кхетар ду шу. Шун муьлххачу а хаттарна жоп карор ду шуна», – олий. Сагит тешна ву, ша дуьнен чохь волчу хенахь, бусалба стага шен муьлхха а гIуллакх АллахI Делан дуьхьа дан дезаш хиларх. «ЦIарна я дуьненан дуьхьа ахь динарг дайна ду хи чу кхоьссинчу цу канна санна», – боху цо.
Ткъа «АллахIан дуьхьа динарг, стаг дIакхелхича а, дуьсур ду», – боху хьехам бевза вайна массарна, цунна тIедоьгIна аьлча, Сагита дина гIуллакх довр дац заманаш хийцаяларх, ткъа дикачу гIуллакхан лар йовш цахилар гуш ду тахана а.
Керлачу Хушетан маьждигана хьалха парк йилла спонсор карийна, кхузахь хIинцале кхиъна баьццарчу духарца кечделла дитташ а, мелачу махца эсала техка зезагаш а. Керлачу Хушетера вахархо Асхабов Сагит тIамехь майралла гайтина турпалхо а, я кIорггера Iилма долу Iилманча а вац, амма иза бусалба динан охIланча а, шен мехкан къоман бакъ волу патриот а ву. ДегIастанахь даима а хилла цIе йолу турпалхой а, ислам динан серлончаш – бевзаш болу Iалимаш а, амма Сагита къастийнарг Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ву – Къилбаседа Кавказехь хьовха, ерриге а Россехь а машар чIагIбаран новкъахь тоьлла а волуш дIавахана турпалхо.
Дала сий дойла шен къоман дуьхьа ваьхна, цуьнан машарх беза мах – шен дахар – дIаделлачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, и вовзар, везар, тIаьхьарчу тIаьхьенашна дIадалар шен декхар хеттачу вайн бусалба вешин Асхабов Сагитан а. АллахI Дала къобалдойла цуьнан нийят.
Саралиева Табарак Суьрта тIехь: Асхабов Сагит хIолламна хьалха («Даймохк» газетан архивера)