«Собар» – гайтам

Собар ца оьшуш зама хилла а яц. Вайн заманахь муххале а, мел хиларх совбер боцу бахам хета собар. Товбецан (сентябрь) беттан 23-чу дийнахь Нохчийн Республикин къоман музейхь схьабиллинчу Хасанова Розин искусствийн говзарийн гайтамна тиллина цӀе а ю «Собар». И цӀе ларамаза тиллина ца хилла цунна. Гайтаме дехкинчу суьртех бӀаьргкхетча, уьш дохкуш автора царна тӀехь хьегна къа, цунна эшна хан дагатесча дуьххьара долу дош «собар» бен хуьлийла дац. Собар а, ша деш дерг дукхадезар а оьшу и белхаш оцу кепара бан. Роза суртдиллархо яц, я леррина оцу корматаллина дешна а яц. Делахь а, Дала цунна хазалла кхолла хьуьнар делла.

Гайтам схьабоьллуш дакъалецира Хасанова Розин дуьххьарлерчу хьехархоша Успанова Кхокхас а, Бециева Сийлахьа а, цуьнан белхан накъосташа а, доттагӀаша а, гергарчу наха а, искусствоезархоша а. Маршаллин дош олуш йистхилира Къоман музейн директоран заместитель Эльбуздукаева Тамара. Цо билгалдаьккхира Розин искусствийн белхаша нохчийн зудчун дог-ойла, хьуьнар, дуьнене болу хьежам гойтуш хилар, шайца философин маьӀна долуш хилар. Гайтаман автора довзийтира ша иза вовшахтохаран а, цунна «Собар» цӀетилларан а бахьана. Нохчийн зударашлахь Собар цӀе цхьа наггахь бен хезна яцара вайна. Розин ненан цӀе а хилла Собар. Иштта, шайн нанна а, вайн махкахь болчу нохчийн наношна а, зударшна а лерина Розас шен гайтам. Розин нана Собар доккха собар долуш, куьйгана говза хилла. Бедарш тегарна тӀера кузаш дуца хааран биста кхаччалц, говза, «дашо» куьйгаш долуш хилла.

Розина езаеллачу искусствон башхалла а ю маха баккхарца, варкъ даккхарца, туьтешца тоьганаш деш суьрташ кхала хаарца йоьзна.

Цуьнан, шен ненан санна, тӀергӀан пазаташ юций, уьш берашна а, баккхийчарна а совгӀатана луш гӀиллакх дара. Мацах, Советийн заманахь туьканахь эца тамехьчу бедаран (жакетийн я свитерийн) къоьлла йолчу хенахь а, ша-шена бедарш тоьгура цо, хӀетахь массарна а девзаш хиллачу моданийн «Бурда» журналах пайда а оьцуш. Делахь а мелла а чолхе тоьганашца суьрташ дахкар тӀаьхьуо марзделира цунна. ХӀокху тӀаьхьарчу 6 шарахь Розас 60 сурт диллина. Музейн Ӏилманан белхахочо, корматаллин искусствоведа Хадчукаева Миланас кечйинчу гайтаман залехь шайншайн теманашна лерина дӀанисдина дара суьрташ. Хьовсархошна къаьсттина дезаделлера «Хенан муьраш» аьллачу композицехь долу а, вайнехан Ӏер-дахарна, безамна леринчу темина а, Японин эстетикин темина а лерина дехкина суьрташ. Ма-дарра аьлча, хӀара ледара ду ала дӀататта йиш йоцуш, чулацаме, исбаьхьа ду дерриге а суьрташ. Дала хаза кхоьллинчу стоьмийн, зезагийн хьожа а, бос а бетталуш хетало Розин суьрташна тӀера. Иштта говза, дагна хьаам беш дара уьш.

«Исбаьхьаллин балхо дагна синтем ло. Айхьа хьайн куьйгашца хазалла кхоьллича самукъа а долу. ХӀора сурт цхьаццанна (доттагӀашна, гергарчу нахана) совгӀатана дӀалуш а хазахета суна. ХӀора болх даггара, безаш бина а бу. Уггар дика совгӀат – шен куьйгийн йовхонца, марзонца дина совгӀат лоруш ду дуьнен чохь массанхьа а. Иштта дан а ду иза. Адамах дагалецам, лар юьсу, хан мел ели а безам а хета уьш», – билгалдаьккхира Розас. Розин хьехархоша а, накъосташа а хаза дешнаш элира цуьнан хьокъехь. «Школехь дуьйна а, дика дешарца а, цӀано, низам дезарца а, нохчийн мотт, культура езарца а къаьсташ хилла Роза. Дика а, хаза а мел дерг бен кхуьнан цӀарца доьзна хуьлийла а дацара», – иштта дара цуьнан хьехархоша Сийлахьас а, Кхокхас аьлла тоьшаллин дешнаш.

Гайтам схьабелларан дакъа чекхдаьлча, автора, мелла а алсам дийцира хӀора суьртан «кхолламах» лаьцна. Розас гойтура искусство а, исбаьхьалла езачу нахах хилар. Ша лерина гулбеллачу нахана а, гайтам вовшахтухуш гӀо динчу музейн куьйгаллина а баркалла элира Хасанова Розас. Гайтам эсаран (октябрь) беттан 4-чу дийне кхаччалц хир бу.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА Суьрта тӀехь: Хасанова Розин – суьртийн гайтам

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: