Кадыров Рамзан: «Дешархой, кхиамаш хуьлда шун!»

 

Республикин куьйгалло боккха тидам тIебохуьйту тIекхуьучу къоначу чкъурана дешар Iамор кхиорна. Нохчийчохь тIом дIабаьллачул тIаьхьа,  итт-пхийтта шо хьалха, дийна цхьа а школа ца хиллачу Нохчийчохь кху сохьта болх беш ю 450 школа. Цигахь доьшуш ву 238 эзар сов дешархо, суьйренан 15 школе лелаш ву 8600 сов дешархо. Республикера хьал-дахар маьрша, токхе хиларе хьаьжжина кхуьуш бу дешархойн барам. Цуьнца  доьзна лакхадолуш ду дешаран учрежденешка долу хьашт а. Иза тидаме а эцна, шо шаре даларца республикехь керла школаш йо. Масала, хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIекхуьучу тIаьхьене беш болу кхайкхам чохь болу капсула шена  беш болчу буха юккъе а юьллуш, керла  школа ян йолийна Хоси-Юьртахь. ХIокху шарахь ерриге а еш ю 30 школа. Ткъа 2017-чу  шарера 2020-чу шаре кхаччалц болчу муьрехь кхин а оццул школаш йийр ю.

Карарчу хенахь уггаре а жоьпаллин мур бу дешархошна а, школийн хьехархойн коллективашна а. Цхьаболу дешархой школаш чекхъяьхна бевлла, чекхъевлла пачхьалкхан жамI даран экзаменаш а, 11-гIа классаш чекхйохуш болчарна дIаюьйлаелла пачхьалкхан  юкъара экзаменаш. Уьш кху шарахь дIалуш ву 19 эзар сов дешархо. ХIокху деношкахь дешархоша ЕГЭ дIаелла географехула а, литературехула а. 11 класс чекхйоккхуш болчара пачхьалкхан  юкъара экзаменаш  дIалур ю  26-чу июне  кхаччалц.

Ткъа ЕГЭ йоцчеран дIадуьйладелла школаш чекхъяхаран даздарш. ХIокху деношкахь Гермачиг юьрта йистехь йолчу архитектурин-этнографически «Шира-Юрт» музейхь оцу кепара даздар хилира Шелан районехь школаш чекхъяьхначеран.

Оцу даздарехь веза хьаша вара  Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров  Рамзан. Цуьнца цхьаьна вара Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, республикин  Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, официальни кхиболу нах а.

Р.Кадыровс кегийрхой декъалбира дешар чекхдаккхарца, хаийтира церан хIинца дIадолалуш долчу дахарехь кхиамаш хуьлийла шена лаар. Нохчийчоьнан Куьйгалхочо кегийрхошка хаийтира шайн таронаш, хьуьнарш гайтархьама, цара тIетаьIIина къахьега дезаш хилар.

«ТIаьхьарчу шерашкахь Iаламат баккхий кхиамаш баьхна вай. Амма цаьрга кхачархьама,  дуккха а къахьега дезна. Нохчийн лаьтта тIехь машар а, къепе а, токхо а хиларе кхачархьама эзарнаш дахарш дIадала а дезна. Диц ма де шух яккхий дегайовхонаш хилар. Аш алсамбаха  беза вайн кхиамаш. Со тешна ву шайн хаарш алсамдахарехьа аш хаддаза къахьоьгург хиларх. Кхиам хуьлда шун», – элира республикин Куьйгалхочо.

Школаш чекхъяьхначарна деза де вовшахтохарна Р.Кадыровс баркалла элира Шелан районан  администрацин куьйгалхочунна Ибрагимов Турпал-Iелина. Цул тIаьхьа цо Сийлаллин грамоташ елира районехь юкъардешаран школа тIехдика дешарца чекхъяьккхинчу пхеа дешархочунна.

Районехь школаш чекхъяьхначу кегийрхошна даима   а дагахь  лаьттар ду  Гермачигарчу  «Шира-Юьртахь»  хилла  даздарш.

С.ЛАЛАЕВ  

шот, 30 май, 2015 шо, № 59

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: