Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIаяьхьира COVID-I9 дIасаяржарна дуьхьал гIуллакхаш даран кадечу штабан кхеташо. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Правительствон Председатель Хучиев Муслим, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Закриев ИбрахIим, могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан, Хьаштхойн бакъонашларъяран а, стеган аьтто баран а декъехь терго латторан федеральни службин республикехь йолчу урхаллин куьйгалхо Термулаева Рита, ткъа иштта республикин Iедалан кхиболу векалш.
Р.Кадыровс аьлла ма-хиллара, коронавирус кхеттачеран барам дуьненахь а, махкахь а лакхаболуш бу. «Вайна девза оцу уьнца долу хьал. Цомгаш хуьлуш берш алсамбовлуш бу. Вайн республикехь хьал тергонехь латтош ду. Делахь а леррина кхочушдан деза профилактикин гIуллакхаш. Алссам адамаш хуьлучу меттигашкахь туьтмIаьждигаш лело еза, социальни юкъ ларъян еза, цIано латто еза. Делан дуьхьа ларлахьара шу. Вай лардаларх терра хир ду вайн гIуллакхаш», – элира цо.
Коронавирусан уьнца доьзна долу республикера хьал довзуьйтуш доклад йира М.Даудовс. «Пандеми дIайолаеллачахьана дуьйна гучудаьлла коронавирусан цамгар 2 437 стагана кхетта хилла хилар. Дарбанаш дина, товелла 1966 стаг. Чекхдаьллачу дийнахь-бусий 4 стагана коронавирус хьакхаелла хилар гучудаьлла. Таханлерчу денна республикхь чIагIдина 446 стагана и вирус хилар. Царах 295 стаг больницашкахь ву. Амбулаторни тергонехь 15I стаг ву. Ерриге а республикехь дIахьош ду Роспотребнадзоран лехамаш кхочушбайтарна тIехь терго латтор», – ерзийра цо шен доклад. Р.Термулаевас дийцира Роспотребнадзоран лехамаш кхочушбан безаш хиларх а, гриппана дуьхьал вакцинаци ян езаш хиларх а лаьцна. Цо республикин бахархошка кхайкхам бира Роспотребнадзоран лехамаш кхочушбар а, гриппана дуьхьал вакцинаци яйтар а доьхуш. Цо аьллачуьнца доьзна регионан Куьйгалхочо билгалдаьккхира: «БIаьстенан-гуьйренан муьрашкахь алсамдолу ОРВИ-н тайп-тайпана кепаш гучуйовлар. Делахь-хIета, чIогIа мехала ду гриппана дуьхьал вакцинаци яйтар. Лаккхара дикалла йолу вакцинаци вай эцнехь, гриппана дуьхьал прививкаш яйтар доьххушехь, соцсеташкахь гучубуьйлу «дика хууш берш». Цара дIахьедо прививкаша могашаллина зен до бохуш. Цара дуьйцуш дерг бакъ дац. Вайх хIорамма школехь доьшуш долчу хенахь йойтуш ма яра и прививкаш. Цул сов, грипп цамгаро дегIан гIора эшадо, ткъа и чIогIа оьшуш ду дегIана COVID-19-ца къийсам дIабахьа. Тхан доьзалехь массара а яйтина вакцинаци. Оха иза хIора шарахь йойтуш а ю», – элира республикин Куьйгалхочо.
Э.Сулеймановс дийцарехь, грипп цамгар чIагIъялар бахьана долуш хIокху шарахь дуьненахь 370 эзар стаг кхелхина, ткъа коронавирусан уьнах – цхьа миллион сов стаг. «Вай гуьйренан-Iаьнан муьрана тIекхаьчна. И ши цамгар цхьана хеннахь кхета тарло. ТIаккха цуьнан тIаьхье чIогIа чолхе хир ю», – бохура министра.
Нохчийчоьнан экономикехь долу хьал довзуьйтуш доклад йира М.Хучиевс: «Пандемис вон тIеIаткъамбина республика социальни-экономикин кхиоран цхьаболчу гайтамашна. Иза къаьсттина хааделла къинхегаман рынкехь. Белхазаллин барам 25,9 проценте хьалабаьлла. Иза лахбарна тIехь беш болх бу. Оцу хьолехь а дIахьош ду къоман проекташ кхочушъяр. Карарчу шарахь билгалдеш ду 233 объект яр а, царна реконструкци яр а. Царах 180 объект хIинцале техникин кийча ю. ХIокху шеран оханан (апрель) баттера товбецан (сентябрь) батте кхаччалц болчу муьрехь гIо дина (ахчанца) 20 эзар доьзална а, 500 эзар сов беранна а», – дийцира Правительствон Председатела. Цо иштта тидам тIебахийтира Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо пандеми йолаелчахьана дуьйна бахархойн гIолацарехь динчу даккхийчу гIуллакхашна. Цо 800 миллион соьмана гIо дина вайн бахархошна.
Кхеташо ерзош Р.Кадыровс билгалдаьккхира къинхьегаман рынкехь долу хьал тодарехь кхачам боллуш гIуллакх дан дезаш хилар. М.Даудовна тIедиллира Роспотребнадзоран лехамаш кхочушбайтарна тIехь латтош йолу терго чIагIъяр.
Д.Анадев