Говрашхахкарца билгалдаьккхира Путин Владимир вина де

Эсаран (октябрь) беттан 7-чу дийнахь Гуьмсе гIаларчу ипподромехь дIаяьхьира говрийн спортан фестиваль. ЦIеначу хIух йолу говраш хахкар лерина дара Россин Федерацин Президент Путин Владимир винчу денна.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат, Нохчийн Ре спубликин Куьйгалхочун хьехамча Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Правительствон председатель Хучиев Муслим, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, кхиберш.

Говрашхахкар ворхIазза дIадаьхьира. Нохчийн зудчун денна а, БIаьхаллин с и й л а л л и н г I а л и н – ¬ Соьлжа-ГIалин сийнна а, Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран сийнна а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан сийнна а, Нохчийн Республикин Кегийрхойн денна а, Къилбаседа Кавказан халкъийн доттагIаллин сийнна а, Хьехархочун денна а лерина дара и ворхI говрашхахкар. Тайп-тайпана йохалла яра церан –¬ хьалхарий, шолгIий говрашхахкар –¬ 1600 метр кхоалгIий, доьалгIий –¬ 2400 метр, пхоьалгIа –¬ 1000 метр, ялхалгIа –¬ 3200 метр, ворхIалгIа говрашхахкар –¬ 2000 метр.

1600 метр йохаллехь туьйлира «Гавран» цIе йолу говр. Оццу йохаллехь толам «Бысыма» а баьккхира. 2400 метр йохаллехь толам баьккхира «Оскара». Нохчийн дербин доккха совгIат даьккхира «Виннер Грейта».

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо билгалъяьккхира кхин кхо говр а: «Смерч» а, «Мираж» а, «Алькасар» а. Толамхошна, совгIаташ дира кубкашца а, ахчанца а. Хьалхарий, шолгIий, кхоалгIий меттигаш яьхначарна кечдина 300 эзар а, 200 эзар а, 100 эзар а сом ахчанан совгIаташ дара. Цул сов, толамхошна елира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан ахчанах эцна йолу «Мерседес Бенц» автомашенаш.

Иштта, билгалдаккха догIу, говрашхахкар нохчийн эстрадин арстистийн концертан программица цхьаьна дIадаьхьна хилар.

I.МУРТАЗОВ Авторан суьрташ тIехь: говрашкахкаран дакъалацархой

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: