Р.Кадыровс медицинин сихачу гIоьнан станцина керла 28 машен елла

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIаларчу медицинин Сихачу гIоьнан медицинин станцина ГАЗель NEXT маркех йолу 27 а, УАЗ Патриот марках йолу 1 а керла машен елла. Санитарни транспорт схьаялорна кхачо йира Россин Федерацин промышленностан а, махлелоран а министерствос.

Республикин медицинин сихачу гIоьнан станцин коьртачу лоьро Исаев Алимхана санитарни керлачу транспортан башхаллех лаьцна дийцира Кадыров Рамзанна. Цо дийцарехь, ерриге а машенаш «В» классах ю. Цо таро ло больнице кхачале дархочун хьолан буьззина таллам бан а, иза кхачо везачу дарбанаш даран учреждене дIакхачо а. Кадыров Рамзана лаккха мах хадийра Нохчийчуьрчу фельдшерийн бригадийн белхан. Цо билгалдаьккхира коронавирусан ун даьржинчу хенахь медицинин сихачу гIоьнан службин белхахоша коьрта мохь шайна тIеэцна хилла хилар. «Уьш бара кхайкхинчу уггаре а хьалха боьлхуш берш, цомгашчарна хьалха орцах кхочуш берш, царна гIо деш берш, цомгашнаш сихха больнице дIакхачош берш. Фельдшерийн бригадаш шайн балхана жоьпаллица тIебахар бахьанехь аьтто белира бIеннаш дахарш кIелхьардаха», – элира цо.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо баркалла элира Россин промышленностан а, махлелоран а министрана Мантуров Денисана, цо республикин медицинин хьашташна санитарни транспорт яийтарна. Хьаххийначуьра аьлча, хIокху шарахь республикин медицинин учрежденешна 92 машен яийтина. Царах 42 машен эцна Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан чоьтах

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: