Дийцаре дира ОЭЗ «Соьлжа-ГIала» кхиоран гIуллакхаш

Нохчийн Республикин Правительствехь хиллачу кхеташонехь дийцаре дира промышленно-производственни кепарчу «Соьлжа-ГIала» къаьсттина йолу экономикин зона кхиоран хьокъехь долу гIуллакхаш.

Кхеташонехь вовшахкхеттачара дийцира Россин экономикин кхиоран министерствоца кхитIе а барташ бан безаш хиларх лаьцна.

Царна тIе а тийжаш чIагIйийр ю материально-техникин кхачояран план, ткъа иштта билгалйохур ю къаьсттинчу экономикин зонин транспортан, социальни, инженерни объекташ, кхийолу инфраструктура.

Хучиев Муслима билгалдаьккхира республикина билгалъяьхна харжаш, субсидеш даларан хьокъехь бинчу бартаца нийса а догIуш йоуьйтуш йолу, «Соьлжа-ГIала ОЭЗ ППТ – «Чеченнефтехимпром» АО дIакхачийтаран механизм кечъян езаш хиларна.

«Къаьсттинчу экономикин зонехь билгалдеш ду кхачанан а, фармацевтикин а промышленность кхиор», – бохура Нохчийчоьнан Правительствон Председатела.

Кхеташонан дакъалацархошна цо тIедиллира Россин экономикин кхиоран министерствоца кхитIе а барташ барна оьшу тептарш кечдарна тIехь сихо яр.

Хь.САИДОВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: