Х.Нурадиловн цӀарахчу республикин къоман театран 90-гӀа мур схьабиллина Нохчийн пачхьалкхан театран-концертан залехь.
Шен доьзалца цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан. Театран труппо хьовсархошна гайта кечийнарг «Лаьмнашка, хьуна тӀаьхьа» спектакль яра. Сийлахь боккхачу Даймехкан тӀамехь толам баьккхина 75 шо кхачарна лерина спектакль ю иза, Мийхайлов Олеган пьесин буха тӀехь театран исбаьхьаллин куьйгалхочо, директора Ахмадова Хьавас хӀоттийна. Харьков гӀалахь 1943-чу шарахь хилла хилам бу спектаклехь гойтуш берг. ЦӀечу эскаран дакъалацархочун, нохчичун Юнусан а, меттигерчу яхархочун Нинин а юкъаметтиг ю бухе йиллинарг.
Хьовсархоша хазахетарца тIелецира спектакль. Актерийн ловзар а, режиссеран болх а, декорацеш а, барзакъ а, дерриге а лаккхарчу тIегIанехь дара.
Республикин Куьйгалхочо даггара баркалла элира Нохчийн Республикин культурин министран заместительна Кадырова Iайшатана спектакль схьаелларехь дакъалацарна. Иштта, довха дешнаш элира Ахмадова Хьавана а, берриге актерашна а, цара бинчу балхана .
МАГОМАЕВ Хан-Мохьмад