Эладитанчашна хьакъ доллу жоп

Стомара «Россия-1» телеканалехь хиллачу къамелаша къеггина гайтира нохчийн халкъ, цуьнан оьзда гIиллакхаш, ламасташ емалдан, сийсаздан гIертар чекхдериг цахилар. Ток-шоу лерина яра нохчийн полицейскийс Гучигов Нажуда Гойлабиева  Луиза ялорца доьзна хиллачу ловзарна, цунна гуонаха хиллачу хиламашна.

Къамел долош йистхиллачу «Грозный» радион белхахочо Белова Асяс   гулбеллачарна дийцира ша 21 шо кхаьчна йолуш тIемаша йохийначу гIала еанчу хенахь шена Нохчийн Республика, цуьнан халкъ довзарх лаьцна. Цо иштта билгалдаьккхира ша оцу халкъо кхиийна, нохчийн гIиллакхаш тIеэцаро шен ненаца, дерриге а адамашца йолу шен юкъаметтигаш дикачу агIор хийцаелла, нохчийн халкъо шен дахарна боккха Iаткъам бина хилар.

Кхеташ ма-хиллара, хьахадалаза ца дисира регистраци ечу хенахь цо дакъалацар а. Асяс тидам тIебахийтира гIалин зуда ялоран-яхаран Дворецехь коьрта декхар кхочушдинарг – къоначарна регистраци йинарг цигара белхахо хилла хиларна, ткъа ша  оцу гIуллакхана тIехь куьйгаллин маьIна лелош хилла хиларна.

Цхьаьнакхетарехь иштта дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат а, къанойн Кхеташонан председатель Ахмадов Сайд-Iабдулла а,  махкахь дика евзаш йолу телеведущи Пушкина Оксана а, бизнес-вумен Эльдарханова Ирина а, кхиберш а. ТIаьхьарчу хенахь шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь республикина а, цуьнан куьйгаллина а, нохчийн халкъана а дуьхьал яьржинчу дIаьвшечу кампанина жоп а луш, С-I.Ахмадовс довзийтира йоIаца доьзна долу нохчийн гIиллакхаш, иза кхетош-кхиоран ламасташ.

– Хаамийн гIирсашкахь алссам тидам тIебохуьйтура, – бохура цо – йоьIан басна, иза дог ца догIуш хиларна. Цу тIедоьгIна маьIна а доккхура – иза бертаза маре дIалуш ю. Иштта маьIна динчарна дагадаийта деза нохчийн доьзалехь йоI бераллехь дуьйна оьздангаллина Iамош хилар: иза шел воккхачунна бIаьргадуьхьал хьожур яц, елакъиэжар яц, боьршачу стагаца цхьаьна шуьне охьа а хиъна, ур-аттал шен доьзалехь а, кхачанах кхетар яц.  Тхан юкъараллехь тIекховда йиш йоцуш деза ду йоьIан сий. ЙоIбIаьрг санна ларъеш ю нохчийн зударийн бакъонаш, Iедало а, динан векалша а цхьа а тIекховдуьйтур вац церан бакъонашна. Иза гуш ду дуьххьалдIа хIокху цхьана терахьца а: доьзалийн юкъаметтигаш нисъярна тIехьажийна республикин динан урхалло къаношца цхьаьна бархI эзар гергга гIуллакх къастийна.

Нохчийн доьзалехь тахана йолуш йолчу юкъаметтигийн къеггина масал дара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан доьзалх лаьцна эфирехь гайтина дерриге а чулоцуш йолу материалаш. Цара тидам тIебохуьйтура доьзалехь бераша, хIусамнанас, нанас лелош долчу маьIнина, схьайоьллура цуьнан ерриге а агIонаш.

Республикехь дукха зударий балийначеран барам боккха цахиларна тIе тидам а бохуьйтуш, министра Умаров Джамбулата  билгалдаьккхира Къуръана тIехь боьршачу стагана йиъ зуда яло  магош хилар. Бакъду, цаьрца массаьрца а цхьабосса юкъаметтигаш лело ницкъ кхочуш велахь. ДIахаийтира оцу гIуллакхана тIехь вайн регионехь луьра таллам латтош хилар.

Пушкина Оксанас чIагIдарехь, нохчийн зударий олаллина кIел бу, церан цхьа а тайпа бакъонаш яц бохуш Россин юкъараллехь хеташ дерг чIогIа галдолуш ду тахана долуш долчуьнца. Нохчийн зударий шайн дахарна реза бу, шуьйра бакъонаш а елла царна. Бакъду, доьзалехь коьрта маьIна боьршачу стага леладо.

Иттаннаш шерашкахь нохчичуьнгахь марехь йолчу Эльдарханова Иринас дIахаийтира ша нохчийн стагаца доьзал кхолларна дохкояьлла цахилар, дIадаханчу оцу шерашкахь цуьнан да-нана, гергарнаш даима а  шеца кIеда-мерза хилла хилар, шена дуккха а диканиг девзина а, ша тIеэцна а хилар.

Ток-шоу чекхйолуш иза дIахьош волчу Корчевников Бориса совгIатана цициган кIорни елира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун йоIана Кадырова Iашурина.

Оцу цхьаьнакхетарехь хиллачу къамело кхин цкъа а чIагIдира нохчийн Куьйгалхочунна, халкъана дуьхьал шуьйрачу хаамийн зорбанан, электронни гIирсашкахь даржийна питане  эладитанаш бух боцуш хилар, цуьнан оьздачу гIиллакхашна, ламасташна тIе нехаш хьекха гIертар чекхдериг цахилар.

Л.ШАМАГОВ

шот, 30 май, 2015 шо, № 59

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: