1786-чу шеран юьххьехь дуьйна Туркойн Iедало къаьсттина тидам тIебахийта болабо Россина дуьхьал гIаьттинчу ламанхоша а, церан баьччас а лелош долчунна. Туркойн Iедалера кехаташ кхочу тайп-тайпанчу элашка а, мехкадайшка а. Оццу хенахь инарла Потемкин, Московски полкаца а, гренадерийн батальонца а ОьрзаГIалина юххе воьду. Цо гIумкийн а, нохчийн а элашний, мехкадайшний тIедожадо Россина муьтIахь хирг хиларан хьокъехь чIагIонаш яр. Цу тайппана чIагIонаш йинера Аксайрчу элаша, Нохчийчоьнан Йоккхачу АтагIарчу мехкадайша. Делахь а алдахоша а, церан лулахоша а дуьхьало йира чIагIонаш ярна.

Хабар даьржира: «Константинополехь хиллачу Дагестанерчу Дженгутахойн мехкадас Ахьмад-Хана берриге а дагестанхошка, гIумкашка, эндерейхошка, аксайхошка, нохчашка кехаташ дохьуш геланча ваийтина», – бохуш. Цу кехаташа тIехь хаам бара: «Портас (Туркойн Iедало) царна ахча а лур ду, оьрсийн эскаршна дуьхьал леташ гIо дан эскарш дахкийта тIе а лоцу», – бохуш.
«И хаам бахьана долуш, – яздора 1786- чу шарахь кхолламан (январь) беттан 4-чу дийнахь эла Потемкине инарлапоручика Потемкина, – халкъаша сацийна чIагIонаш яр. ЧIагIонаш ярна дуьхьало а ца еш, ладоьгIуш Iаш ду уьш, шайга кхаьчна хаам нийса бу-бац хьовсуш. Иштта, хабар даьржинера Ахьмад-хана шен вешига кехат яздинера, бохуш. Оцу хабарша чIагIдарехь, цо хаам бора Портас ша вуно дика тIе а эцна, шена дуккха а совгIаташ а дина, ша Султанна тIе а вигна, цо цуьнга хьуна дукха хIун оьшу: «Ахча я эскар?», – хаьттина. Цунна жоп луш Ахьмад-хана аьлла: «Ахча хилча шена эскар муьлххачу хенахь а карор ду». Шена цу тайппана жоп делча, Султана дош делла боху «тешам боцучарна» дуьхьал дIахьочу къийсамна оьшуш мел дерг хилийта. Оцу хабаршка ла а ца доьгIуш Мансура оццу шеран юьххьехь юха а жигардоккху нохчашний, луларчу халкъашний юкъахь уьш шена тIаьхьа базоран хьокъехь болх бар. Цунна тоьшалла до Россин агенташа беш хиллачу хаамаша. Шела хьажийначу гIезалочо Булатов Дадас 1786-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь хаам бина: «Имам Шелара Эльдархан-Юьртана (Карабулак) гена йоццуш йолчу Мартан тогIи чу дIакхалха дагахь ву. Цигга схьакхалха езаш ю Жимачу ГIебартара ши юрт а, шайца цхьаьна мехкада, эла Дола а волуш… Цул сов, Ушурма кхуза, тогIе, схьакхалхо дагахь ву Соьлжина дехьа Iаш болу гIезалой а, ткъа иштта боргIанхой а, давлетгерихой а. Нагахь санна тIаьххьарнаш цига дIакхалха реза ца хилахь, Имама церан юрт йохо тарло».
Оццу баттахь, аксайхойн элас Адыла бинчу хаамашна тIе а тевжина, ГIизларчу коменданташа Вешняковс сийлахьчу эле Потемкине хаам бира: «Мансур шен ницкъ ма кхочу дукха ламанхой вовшахтоха, тIаккха Йоккхачу ГIебарта ваха а, ткъа цигахь гIебартойх а, гIобахиллдехьархойх а дIа а кхетта, Кавказерчу чIагIонийн зилана тIелата дагахь ву. ХIинца Мансуран эскарехь кхо бIе стаг бен вац». Лаьмнашкарчу мехкадайша даррехь емалбеш бацара гIаттамхошкахьа бовлуш болу ахархой. Цара шайна меттиг юьтура, кхоллалуш долчу хьоле хьаьжжина, российски Iедалехьа я Мансурехьа хила. Делахь а, «къарлуш боцчу» меттигерчу ахархошна таIзар дар къайлах-къулах Россин Iедалх тешадора. Цу тIе, иза дан гIертара таIзарш даран операцеш дIаяхьарца, царах, мехкадайх, дозуш хIумма а доцчуха.
Цхьаболу элий а, мехкадай а банне а реза бацара гIаттамашкахь дакъалоцуш болчу шайн ахархошна. 1786-чу шеран оханан (апрель) беттан 4-чу дийнахь ГIизларчу коменданте Вешняковга яздинчу кехатехь Аксайрчу мехкадайша хаам бира: «ГIаттамхо Ушурма, шена тIаьхьа нохчийн бIо а хIоттийна, ГIачалкха веара. Цигахь халкъацна къамелаш дира, дуккха а нах шегахьа берзош». Имам цигара Аксай юьрта вахара. Цигахь мехкадайша цуьнга дIахаийтира шаьш цо лелочунна реза цахилар. «Делахь а, тхан халкъ дерриге а тхан лаамера дIадаьлла, гIаттамхочунна тIедирзина», – арз дора мехкадайша… «Хьан Лакхалла, – яздора цара кхидIа, – нагахь санна, гуттар лартIера бевллачу гIачалкхашна таIзар ца дахь, цара кхиберш а галбохур бу, зуламаш дарна юккъе ийзор бу. ХIунда аьлча, мел чIогIа гIертарх тхоьга уьш оцу гIуллакхашна тIера дIа ца хьовзабелла».
Аксайрчу мехкадайша яздинчу кехаташна иштта жоп делира ГIизларчу коментанда: «ГIатамхочун Ушурмин хьокъехь хаам барна шуна, сийлараме элий, баркалла. Амма тхуна чIогIа новкъа ду, гIаттамхо цига веача, шуьга шайн куьйга кIелахь берш цунах дIакхетарх дIахьовзабелла цахилар». ТIаьхьарчу дешнашкахь хаалора ГIизларара комендант царна реза цахилар.
Шо юккъе доьдучу хенахь а Мансур дIахьош вара шен керла эскар вовшахтохар. И болх нохчийн а, луларчу халкъийн а кIошташкахь дIахьош вара иза. Имама ярташна тIедуьллура «хIора куьпара итт-итт стаг а, царна эскарехь гIуллакхдан оьшург а, гIарол дарна шишша стаг а, ялтех 9-гIа дакъа а далар».
Вешняковс лаьмнийн ярташка хьажийначу гIезалочо-агента хаам бира Мансур, 500 стаг вовшах а тоьхна, Къой-су хин йистонца, Алда юьртана тIех а ваьлла, кхин а эскар вовшахтоха вахана, иза Соьлжа а, Гумс а хишна юккъехь йолчу меттигашка а, цигара гIачалкхой, аксайхой, эндерейхой болчу ваха дагахь хиларан хьокъехь. Меттигерчу бахархоша Мансуран эскаран хьашташна, юккъерчу хьесапехь, хIора куьпан цIарах (хIора ткъа цIенна тIера) цхьацца бежана а, хIора цIенна тIера цхьа гали дама я ахьар дара луш. Шен эскаран каде хилар лакхадаккхархьама Имама сацам бира шен эскар, итт-итт бIаьхо юкъахь волчу кегийчу тобанашка дIасадекъа. ХIора тобанна коьрте хIоттош тхьамда вара. ХIора тобанан шен чохь Iаш меттиг яра хила езаш. Эндерийн юьрта кхечира Мансур. Берриге а ламанхой схьагулбира цо кхуза. Царна юкъахь аксайхой а бара. Цаьрга массаьрга а чIагIо яйтира Имама. Царна дихкира шегара пурба доцуш российски эскаршна дуьхьал тIом болабар. И бехкамаш лар ца биначунна гIуда тоха элира тобанийн тхьамданашка. Иштта, цо дихкира талораш дар. Талор диначунна таIзар дар а тIедиллира. ТIеман массо а операци цуьнан сацамца дIайоло езаш яра. Цу тайппана низам хIоттош волу Имам тешна вара халкъ шена муьтIахь хиларх а, иза шен лаамера дIадаккхалург цахиларх а. Амма хьал цунна ма моьтта а дацара. Элашний, мехкадайшний юкъахь хIинца кIезиг бацара Россин олалли кIела баха лууш берш а, Шайх Мансура беш болчу кечамийн хьокъехь Россин чIагIонашна хаамаш беш берш а, моттбетташ берш а. Иштта, Мансур шаьш долчу веана дукха хан ялале эндарийн мехкадас Темировс коменданте Вешняковга хаам бира Эндерийн а, Аксайн а, элдарханан а бахархоша хIора куьпанна тIера шишша стаг вала Мансурана дош делла хиларан хьокъехь. Цо чIагIдарехь цара цунна дош деллера вотанчаш бала а. Имама царах пайдаоьцура, оьрсийн эскаран дакъошкахь санна, бIаьхой тIегулбеш а, тIамехь церан дог-ойла ир-карахIоттош а.
Мусав Iалавди, юридически Iилманийн доктор.