Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствос хӀора шарахь дӀахьош ю ВИЧ-инфекци маьхза а, къайлаха а талларан Ерригроссин «ВИЧ-тест: 2020 экспедици» акци.
Асаран (июнь) беттан 26-чу дийнахь лоьрийн ши команда, цхьаъ Камчаткера а, важа Калининградеа дуьхь-дуьхьал йоьдуш ю. Ткъа лахьанан (ноябрь) беттан 16-чу дийнахь, ГӀезалойн пачхьенехь Казанехь, акци дӀаерзош цхьаьнакхета езаш ю и ший а команда.
Россин 45 регионан гӀаланашкахула, тесташ а еш, чекхъер ю мобильни пункташ.
Нохчийчохь эсаран (октябрь) беттан 9-чу дийнахь Хьалха-МартантӀехь дӀайолийна акци. КхидӀа Устрада-ГӀала, Шела, Гуьмсе гӀаланашкахь дӀахьур ю иза. 14-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалахь дӀа а ерзор ю.
Мобильни пункташкахь «ВИЧ-тест: 2020 экспедици» акцин экспресс-тесташ дӀаяларехь дакъалаца аьтто бу лаам болчу республикин хӀора а вахархочун.
Тест яйта 15 минот бен хан ца оьшу. Оцу юкъанна а, ВИЧ-инфекци яржаран некъах а, профилактикин бакъенах, «положительни» тест гайтича дан дезачух дуьйцуш а болу хаамаш бовза йиш хир ю.
«ВИЧ-тест: 2020 экспедици» акци эпидемиологин хьал хьесапе а оьцуш, кхерамазаллин бехкамаш ларбеш дӀахьург хилар а хоуьйту министерствон куьйгалло.
З.ЭЛЬДАРОВА