СабӀарзделла йисича…

(Дийцар) ГIала… Сихъелла йоьду зама. Амма денош цхьатерра догIу… Адамаш а хета цхьатерра… Массо а цхьанхьа хьаьдда-ведда ву. Хьоьца бала болуш, хьо гуш стаг вац… Цхьа тамашийна сахьаьвзаш еара Iаьнан и шийла Iуьйре. Суна генаяла лиира гIалин гIовгIанера, гIайгIанера. Сингаттам, гIайгIа, синIаткъам боцчу хене яха лиира. Муха?! Суна сайна а ца хаьа.

ДIаяхана хан юхаерзо йиш хилча, сайн бералле гIур яра. Бераллехь хиллачу сайга бIаьргтоха. Цкъа мацах хиллачу сайна сагатделира. Баба дагаера, ган лиира… Сайн хьоме Баба йолчу яха араелира со, сайн бераллин нур долчу. И Iаш йолу юрт гIалина гена ю. Некъан бохалла ойланашкахь луьстура ас цуьнца доьзна дерг. Со кхета йолаелира яханчу замано а, дагалецамаша а адамийн дахар хаздеш хиларх. Суна, юккъехула, сайн ирсан ойла ян лиира. Иза сайна генахь хийтира. Заманан йохалла сайн ирсана тIекхочур ю моьттура. Со Iехаелла хиллера. ДIайоьдучу заманца, шен жимжима лар юьтуш, шех IиндагI бен ца дуьсуш, хьуна хьалхахьалха дIадоьдуш хиллера иза, хьо тIаьхьа а ца кхуьуьйтуш. Хьомечу ураме кхаьчча, хедира сан ойланаш. Суьйре яра. Iаржъяла йолаеллера.ТIаккха суна дагаеара Бабин цIийнан уггаре а йистехь йолу чоь. Ма йовха а, хаза а хуьлура иза. Юккъерчу чохь йолчу пешан ога цу чохь нислуш дара. И ога даима а довха хуьлура. Оцу оганца лаьтташ маьнга бара, Бабин маьнга. ДIа ма кхеччи, оцу оганах букъ тоьхна, йохлур ю со, дуьхьаларчу пенах тоьхначу куза тIерачу бустамашка а, куьцашка а хьоьжуш. Дагадеара маьнгина дуьхьал лаьтташ долу попан аннех дина доккха тIорказ. Ма самукъадолура сан цу чуьра хIуманаш дIасалуьстуш. Бабин къоналлера дара иза. Цу чохь дара безамна лардеш долу духарш, цуьнан жималлера суьрташ, тхан ненадас эскарера даийтина масех сурт… Корехь, хIинца массеран хуьлуш йолу «Европин культурин кепехь» кIадеш дацара, чекх са го деккъа цхьа дари дара… Ма хьоме яра суна и чоь. Иза хIинца а хьалха санна лаьтташ хир ю моьттуш йолу со ма Iехаелла а хиллера-кх…

Стенна делахь а лекха, кIажаш долу мачаш юьйхинера ас цу дийнахь кога. Цхьа чаккхарма гергга некъ бина, шелъелла йолчу суна сайн когаш ца хаалора. Бабина сийна Iежаш чIогIа дезара, иштта – шоколад а. Гуттар а санна, уьш а дара ас цунна хьош. Когаш дукха кIадбаларна, царах дукха йоккха ларча таръеллера суна. – Баба, Баба, – кевнах чоьхьа йоллушехь кхай1кхира со. Амма неI ца йиллира цхьамма а. Баба, ва Баба, – аьлла, юха а кхайкхира со. Баба хьалха санна сиха дуьхьал ца елира суна. Масех минот яьлча бен ца еллаелира цIийнан неI. Меллаша араелира йоккха стаг. ДогIа догIуш а, ло догIуш а дIабоккхуш боцчу лами тIерачу баьццарчу куза тIе елира иза. Цунна тIехьодий, сайн Баба чIоггIа маракъовлу ас. – Ва елла яла со, хьо-м гIора ма йина. Ялол сихха чу, – со хьалха а йоккхуш, чуелира Баба. Сайн карара тIоьрмиг цуьнга дIа а кховдийна, лекхачу кIажошна тIера йоьссина, цуьнан бовхачу метта йижина, сихха йохъяла лаьара суна. Йисттерчу цIа чу кхача сихло со. Пеш йолчу чохь сацало, гуш долчух ца кхеташ. Лаьттахь Iуьллуш цкъа мацах пенах тоьхна хилла шира куз, цIенкъахь Iохку суьрташ… Бабин суьрташ, къоналлин безам. Iуьйранна сан сине хIоьттина хьал дара кху чохь – кегари. –

Баба, хIара хIун ду? – тIаьхьа ца кхуьу со оцу хьолана. – Хьан ненайиша ю-кх хIара кегийнарг. Чоьнаш хазъян, тоян йоллу ша боху-кх. Бабин къамелера хиира суна цуьнан чоь кечъярхьама яссийна хилар, чохь мел ерг ара а йоккхуш. Чоьхьа елира со ца хIутту-у-ш. Дагна цадезарг бIаьргашна гарна кхоьруш. Бабин чоь яьсса яра. Ас йохъяла сатийсина маьнга а, Бабин метта-мотт а бацара. Деккъа кIайн пенаш. Сан са Iехо хIумма а ца дисинера. Суна цу чуьра араяла лиира. СабIарзделлера. ЮргIанах а хьаьрчина, арарчу лами тIе елира со. Луо догIура. Даккхий чимаш, хьийза а хьийзаш, лаьтта оьгура. Дерриге а дуьне кIайделлера… Суна елха лаьара. БIаьрхиш шаьш юьхьа тIехула охьаоьхура, сан лаамза. Бераллехь, айса марзо эцна, сан даг чохь дисина хилларг дIадалар ца лалора соьга, сан сине. Бераллин дуьне чекхделира оцу буьйсанна. Дайна дIаделира. С а н ю ь х ь г I о р и й н е р а .

БIаьрхиш севцира. Со сайн лаамехь йитина Iаш хилла Баба а сагатдан елира. «Схьайола йоI, чай мала вайшимма», – элира цо, со чуйоьхуш… Ехха Iийра тхойшиъ къамелаш деш. Пхьуьйра ламазан хан а тIекхечира. Баба ехха Iийра Далла Iамал еш. Ша яьлча: «ХIинца садоIур ду вай. Хьо кху чу йижа, со дехьарчу юьжур», – элира цо. Ас цуьнга дехар дира бераллехь санна, со шеца йижийтахьара, аьлла. Иза, реза хуьлуш, елакъежира. Охьайижча, цкъа мацах санна, туьйранаш, шира дийцарш дийцар дийхира ас цуьнга. Бабин кара корта а биллина, Б а б е л а а доьгIуш, цо сайн коьрта тIе диллинчу куьйган йовхонах марзо а оьцуш Iара со. ХIинца со йохъеллера. ХIан-хIа, пешан довхачу огано луш йолу йовхо яцара со йохйинарг… цхьа тамашийна са дохдеш, паргIато луш аьхна йовхо яра. Адамийн йовхо…

О ц у бу ь й с а н н а н а б а р о Iехаяллалц Бабин туьйранашка ладоьгIуш Iийра со. Iуьйранна Бабас дечу ахьаран хударан чомехьчу хьожано самаяьккхира со. И Iуьйре а яра сан бераллерчу Iуьйренех тера, Бабица бераллехь яьккхина хан дагайоуьйтуш. … Ас тIаьххьара бIаьргтуьйхира айса бераллехь ирс эцначу чоьне. Иза яьсса яра. Цо гIо доьхуш санна хийтира суна. Сан-м дацара цунна дан гIо. Замано бохьуш болу хийцамаш бара цунах хьакхабелларш а. Бабин Iодика а йина, юха а гIала яха новкъаелира со..

З.Лорсанова

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: