М.Эсамбаевн проспектехь поэзин суьйре хилира

Соьлжа-ГӀала хазйина ца Ӏаш, цуьнан дахар къагош ала мегар долуш ю гӀалин деган юккъехь йолу М.Эсамбаевн цӀарах йолу проспект. Хазачу ламасте дирзина цигахь исбаьхьаллин а, кхоллараллин а, искусствон а мероприятеш вовшахтохар а. ГӀалин бахархойн а, мехкан хьешийн а санна, вайн студентийн а «самалхадоккху» майда ю иза. Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан Филологин а, историн а, бакъонан а институтан литературин «СтихиЯ» клубан декъашхойн дӀадолорца «Юха а поэзех дуьзна са» проект кхочушъян йолийна. Студенташа шайн проект кхочушъян хьаьржинарг а и проспект хилар кхеташ ду. Проектана юкъа догӀу поэзин суьйренаш дӀаяхьар, кхоллараллин нах кхайкхар, цаьрца цхьаьнакхетарш дӀадахьар. Проектан хьалхара де, дуьххьарлера суьйре эсаран (октябрь) беттан 6-чу дийнахь хилира. Цигахь дакъалоцуш бевзаш болу яздархой, поэташ, хьехархой, Ӏилманчаш бара. Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, поэт Шамсудинов Бувайсар, «Грозный» телекомпанин редактор Багаев Зеламха, къона яздархо Магомаева Марем, Х.Нурадиловн цӀарахчу Къоман театран актер Музаев Анзор. Ткъа хьехархойн универститетера дакъалоцуш яра Филологин а, историн а, бакъонан а институтан директор Мусханова Есита, институтан кхетош-кхиоран декъехула йолчу директоран заместитель Килабова Марет, Оьрсийн меттан теорин а, методикин а кафедрин заведующи Буралова Раиса, иштта, литературин «СтихиЯ» клубан декъашхой. Майдане гулбеллачара микрофон кар-кара оьцуш, байташ йоьшуш, хаза дӀаяьхьира суьйре. Студентийн дехаршца суьйренахь дакъалоцучу хьешаша шайн а, студенташа шайна дукхабезабеллачу авторийн а байташ йийшира. Цигахь вовшахтоьхна хӀеталметалш хаар зеран викторина а яра.

Вайн сихачу, хьеречу заманахь поэзин цхьаьнакхетарш оьшуш хиларан шеко ца йисира оцу суьйренехь студентийн а, ладогӀархойн а даьлла самукъа гича. Поэзи – деган, ойланийн хазалла, аьхналла ю. Цо синтем ло, сапаргӀатдоккху. Хьалха кхоллараллин суьйренаш, цхьаьнакхетарш мелла алсам хуьлура. Яздархоша, поэташа шайн говзарийн кхолламех а, шайн дахаран башхачу хиламех а дуьйцура. И беркате ламаст дендаларе дог дохийла ю аьлла хета хьехархойн университетан студентийн проектах беркат даьлла. Проектан авторш – жигара студенташ, сатесна а бу рогӀерчу суьйренехь адам кхин а алсам хиларе. Суьйренехь дакъалоцуш поэташ хилла ца Ӏаш, актераш, къоман литература а, поэзи а езархой, кегийрхой, шайн дахарехь дуккха а литературин классикаш гар-бовзар хилла нах, пенсионераш хиларо токхе бийр бу поэзин суьйренан «синан кхача». Суьрта тӀехь: М.Эсамбаевн проспектехь поэзин суьйре.

  З.ХИЗИРОВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: