Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон прессслужбо хаам бо республикин школашкарчу хьехархошна классана куьйгалла дарна шайн долчу алапина тӀе ахча луш хилар хоуьйтуш. Хьехархойн алапин бараме я цуьнан белхан стаже хьаьжна доцуш, кхочушдар тӀедиллина ду классана куьйгалла дарна тӀе мах баларан гӀуллакх. Россин Федерацин Президента В.В.Путина 2020–2022-чуй шерашкахь кхочушдан тӀедехкинчу гӀуллакхийн гурашкахь Россин Федерацин серлонан министерствон а, Нохчийн Республикин Правительствон а хиллачу бартаца хилла сацам бу хьехархошна классана куьйгалла дарна хӀора баттахь 5 эзар сом ахча далар. Оцу гӀуллакхна хӀокху шарна къастийнарг 336 миллион а, тӀедогӀучу шерашна 2 миллирд а сом ду.

Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран заместитела Тааев Илеса оцу дикачу гӀуллакхан хьокъехь билгалдоккху: «Вайн республикин хьехархойн болх кхин а эвсарбаккхарна дика бахьана ду классана куьйгалла дарна кхин тӀе а ахча дала сацам бина хилар. Цул сов, хьехархочун белхан сий лакхадаккхарехь а мехала гӀо ду иза». «Россин могашаллин хьехархо – 2020» конкурсан регионан мур чекхбаьлла Дешархошна могашалла Ӏалашъяран культура йовзийтаран а, хьехархойн говзалла лакхаяккхаран а Ерригроссин «Россин могашаллин хьехархо – 2020» ХХӀ-чу конкурсан регионан мур вайн республикехь дуьххьара дӀабаьхьна хӀокху шарахь.
Конкурс республикин «Психологинпедагогикин а, медицинин, социальни гӀодаран туьшахь» дӀаяьхьира. Цигахь дакъалецира республикин юкъарчу дешаран а, кхитӀе а долчу дешаран а, юккъерчу корматаллин дешаран а хьаьрмийн хьехархоша. Республикин хьехархоша (юьхьанцарчу классийн хьехархоша а, классийн куьйгалхоша а) дешархойн могашалла Ӏалашъярехь шайна зеделлачух лаьцна дуьйцуш дӀабаьхьира конкурсан регионан мур. Дешархойн могашалло а, социальни хьоло а дешарна бечу Ӏаткъамах лаьцна дийцира цара. Шайна зеделларг кхачам боллуш дийца хаар а, дешархойн могашалла Ӏалашъярехь дика хиндерг билгалдаккха хаар а дара къовсаман коьртачу маьӀнех цхьаъ. Зераш чекхдевлча, конкурсан регионан муьран толамхо Шелковски юьртан №1 йолчу школин хьехархо Омариева Лаура хилар билгалделира. Шена тӀе доккха дукъ эцна Лаурас. ТӀебогӀучу лахьанан (ноябрь) беттан 25–27-чуй деношкахь Коми Республикехь дӀахьон йолчу конкурсан федеральни муьрехь вайн республикин векал хилла дакъалоцур ду цо. Хаийта лаьа, «Россин могашаллин хьехархо» Ерригроссин ХӀ-чу конкурс Россин Федерацин серлонан министерствос, Пачхьалкхан Думин дешаран а, Ӏилманан а комитетан гӀоьнца хӀора шарахь дӀахьош хилар.
ДӀадаханчу 2019-чу шарахь оцу конкурсехь толам баьккхинарг Липецки областерчу Ельца гӀалин №11 йолчу гимназин юьхьанцарчу классийн хьехархо Киндякова Ирина а, Брянск гӀалин №44 йолчу коррекцин а, кхиоран а школин хьехархо-дефектолог Брущенкова Лилия а яра.
З.Яхъяева